Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 9:2 - Делан Йозанаш

2 Цунна тӀе валийра шен дегӀан дола ца далуш волу цхьа стаг. Иза, хьалагӀатта де доцуш, меттахь Ӏуьллуш вара. Ӏийсас, уьш Делах тешаш хиларх Ша кхеттачул тӀаьхьа, заьӀапхочуьнга элира: «Доьналла долуш хила, сан кӀант, хьан къиношна гечдина».

Ver Capítulo Copiar




Маттай 9:2
32 Referencias Cruzadas  

Хазахетарца даа ахьа хьайн бепиг, ткъа хьайн чагӀар а мала деган самукъадаларца. Ахь и гӀуллакхаш дарна Дела реза ву хьуна.


Ас хьан зуламаш, дохк санна, дӀадаьхна, Ас хьан къинош, марха санна, дӀадайина. Юхаверза Суна тӀе, хӀунда аьлча Ас мах баларца паргӀатваьккхина хьо».


«Доьналла долуш хила! Со ву шуна иза! Ма кхера!»


Цунах лаьцна хабар ерриг Сири-пачхьалкхехула дӀадаьржира. Ӏийса волчу ба̄лабора тайп-тайпана цамгарш кхетта болу нах: жинаша хьийзош берш а, лазар догӀуш берш а, шен дегӀан дола ца далуш берш а. Царна массарна а Цо дарба а дора.


Дехьа тхуна геч, тхайна декхарийлахь болчарна оха ма-гечдарра.


Ӏийсана и къамел хезча, Цо цецваларца Шена тӀаьхьахӀоьттинчаьрга элира: «Ас билггал боху шуьга, цу тайпана Делах тешар Суна исраилхошна юкъахь а ца карийна.


Суьйранна Ӏийсана тӀебалийра жинаша хьийзош болу нах. Ӏийсас Шен дашаца жинаш дӀалелхийра, кхиболу цомгуш берш туо а бира.


Ӏийсас, юха а вирзина, и зуда Шена гича, элира: «Доьналла долуш хила, Сан йоӀ! Хьан тешаро тойина хьо!» И зуда цу сохьта тоелира.


Муьлха ду ала атта: „Хьан къиношна гечдина“ я: „Хьала а гӀаттий, дӀагӀо“?


Амма Суна лаьа шуна хаийта Адамийн КӀентан дуьнен тӀехь къиношна гечдан олалла дуйла». Цомгуш волчуьнга Ӏийсас элира: «ХьалагӀатта, хьайн мотт-гӀайба схьа а эций, цӀа гӀуо».


Сарахь, малх чубуьзначу хенахь, цигара массо цомгушнаш а, жинаша хьийзош берш а балийра Ӏийсана тӀе.


Ӏийсас, саца а сецна, иза Шена тӀекхайкхийтира. БӀаьрзечуьнга: «Доьналла долуш хила, тӀевола боху хьоьга!» – аьлла, кхайкхира уьш.


Ткъа Ӏийсас элира зудчуьнга: «Сан йоӀ, хьан тешаро тойина хьо. Маьрша дӀагӀо хьайна, хӀинца чул тӀаьхьа кхин оцу цамгаро хьийзор яц хьо».


хӀунда аьлча царна массарна а гира Иза, уьш чӀогӀа кхера а белира. Цу сохьта Ӏийсас, вист а хилла, элира цаьрга: «Доьналла долуш хила! Со ву шуна иза! Ма кхера!»


ХӀара элира Ас шуьга, Соьгахула шун машар хилийтархьама. Дуьненахь гӀайгӀа хир ю шун, амма доьналла долуш хилалаш! Со тоьлла дуьненал».


Цундела Ӏийсага цхьана а адамах лаьцна тоьшаллаш дан оьшуш дацара. Цунна Шена хаьара адамна чохь дерг.


Ӏийсас элира цаьрга: «ДоттагӀий, чӀерий дуй шуьгахь?» Цара жоп делира: «Дац», – аьлла.


Цо а ладугӀура ПахӀала хьехам бечу хенахь. Ша къамел деш цу стаге хьаьжначу ПахӀална гира цуьнан шен товаларх болу тешам.


Цо куьг тоьхна йовлакхаш а, хьалха ухкурш а дӀа а кхоьхьуш, цомгуш болчу нахана тӀейохкура. Цу нахана дарба хуьлура, ткъа жинаш долчарна чуьра уьш арадовлура.


Буьйсанна ПахӀална хьалха хӀоьттинчу Везачу Эло элира: «ЧӀагӀлолахь, ПахӀал. Айхьа Ярушалаймехь Сох тоьшалла ма-дарра, Римехь а иза дан дезар ду хьан».


Цунах тоам бина а ца Ӏаш, вай Делаца тайтина волчу а, вайн Веза Эла волчу а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула вайца Дела хиларна, даккхийдеш ду вай.


Амма цхьаммо ала тарло: «Хьан тешар ду, ткъа сан гӀуллакхаш ду». ГӀуллакхашца доцуш долу хьайн тешар гайта суна, ткъа аса гӀуллакхашца долу сайн тешар гойтур ду хьуна.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios