Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 9:12 - Делан Йозанаш

12 Иза Шена хезча, Ӏийсас элира: «Могуш болчарна лор оьшуш вац, цомгуш болчарний бен.

Ver Capítulo Copiar




Маттай 9:12
17 Referencias Cruzadas  

Хьан дозанашкахь машар а латтабо, уггар тоьллачу кӀенаца хьо Ӏаба а йо Цо.


Дийнаххьий, буьйсанний сайн бӀаьрхих кхача хилира суна, «Мичахь ву ткъа хьан Дела?» – бохуш, дийнахь сарралц мостагӀаша соьга хоьтту.


ТӀех ма деттахьа суна, Веза Эла, Хьо оьгӀазвахханчохь. ТаӀзар ма дехьа суна Хьо дарвеллачохь.


Дарба дехьа суна, Веза Эла, тӀаккха со толур вара. КӀелхьарваккхахьа со, Веза Эла, со кӀелхьарвер вара. Хьо ву аса хастамаш беш Верг.


Аса хьуна могушалла юхалур ю, хьан чевнаш а тойийр ю, – боху Везачу Эло, – хӀунда аьлча хьан мостагӀаша боху: „Цийон юхатеттина ма ю, цунах цхьаммо а гӀайгӀа ма ца бо“».


Делахь а, Ас гӀалина дарба а, лоралла а дийр ду. Цуьнан халкъ Ас, то а дина, цунна машар а, сашорте а йовзуьйтур ю.


ГалӀадехь хьакхар-молха дац те? Цигахь лоьраш бац те? Сан хьоме къам хӀунда ца тоделла те цаьрга?


Ашур-махке тхо кӀелхьардахалур дац. ТӀеман динна тӀе тхо кхин ховшур дац. Тхан куьйгаша йинчу хӀуманех оха кхин эр дац „тхан деланаш“, хӀунда аьлча байлахь болчаьрга къинхетам Хьоьгахь бен бац».


Ӏийсас, и хезна, элира: «Могуш болчарна лор оьшуш вац, цомгуш болчарний бен. Бакъахьара лелачаьрга кхайкхам бан ца веана Со, къинош летийначаьрга бен».


Царна жоп луш, Ӏийсас элира: «Могуш болчарна лор оьшуш вац, цомгуш болчарний бен.


Оцу нахана юкъахь цхьа зуда яра шийтта шарахь цӀий ца соцуш бала хьоьгуш, лоьрашна шен дерриг ахча а доьхкина, церан ян гӀоле а йоцуш.


Амма Иза мичахь ву а хиъна, дукха адам деара Цунна тӀаьхьа. Ӏийсас уьш тӀеийцира. Цо Делан Олаллех лаьцна а дийцира царна, оьшучарна дарбанаш а дира.


Маршалла ду шуьга хьомечу лоьрера Лакера а, Демера а.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios