10 Ӏийса Шен мурдашца Маттайн хӀусамехь яа хӀума юуш Ӏаш хилла. Царна тӀе а баьхкина, цаьрца яа хӀума яа охьахиира ял схьагулъеш болу наххий, адамашна юккъехь къинош летийна аьлла, цӀе яхана болу наххий.
Къинош летийначаьрга Дала ла ца дугӀий хаьа вайна. Амма Шех кхоьруш волчуьнга а, Шен лаам кхочушбеш волчуьнга а Дала ладугӀу.
Ӏийса цигара дӀавоьдучу хенахь Цуьнан бӀаьрг кхийтира Маттай цӀе йолчу стагах. Иза ял схьагулъеш болчеран бун чохь Ӏаш вара. Ӏийсас элира: «Суна тӀаьххье схьавола!» Маттай, хьала а гӀаьттина, Цунна тӀаьхьа дӀавахара.
Шайна и сурт гича, парушхоша Цуьнан мурдашка хаьттира: «Шун Устаз ял схьагулъеш болчаьрций, къинош летийначаьрций хӀума юуш хӀунда Ӏа?»