5 Ӏийса Къапарнаме кхаьчча, Цунна тӀевеара римхойн тӀемалойн хьаькам. Цо гӀо дийхира Ӏийсага:
Ткъа хьо, Къапарнам-гӀала, хьо язйина стигала хьалайоккхур ю моьтту хьуна? Йоккхур яц, жоьжахатин цӀерга кхуссур ю. Седамехь хьуна гина долу Ӏаламаташ хиллехьара, иза хӀара де тӀекхаччалц лаьтташ хир яра.
Ӏийса ларвеш хиллачу тӀемалойн хьаькам а, цуьнца цхьаьна хилларш а, шайна латта дегош а, кхин а хилла долу хӀуманаш гича, чӀогӀа кхерабелира. Цара бохура: «Иза бакъонца Делан КӀант хилла!»
Назарт-гӀала а йитина, Иза Къапарнам-гӀалахь ваха хиира. И гӀала Галилай-Ӏомана йистехь Ӏохкуш долчу Забул-мехкан а, Наптал-мехкан а латтанаш тӀехь хилла.
Ӏийса, хинкеманна тӀе а хиъна, Ӏам тӀехула дехьа а ваьлла, Шен гӀала кхечира.
Ӏийсана дуьхьал лаьтташ волчу тӀеман хьаькамо, Цо Шен са иштта дӀалуш гича, элира: «И стаг бакъонца Делан КӀант вара».
Масех де даьлча, Ӏийса Къапарнаме юхавирзира. Иза цӀа вирзина аьлла, хабар даьржира.
Амма шед етта доьхкаршца ша дӀавихкинчу хенахь ПахӀала элира цигахь лаьттачу тӀеман хьаькаме: «Нийса дуй Риман вахархочунна, кхел а ца еш, шед еттар?»
ТӀаккха ПахӀала, римхойн эскарера цхьана тӀеман хьаькаме схьа а кхайкхина, элира: «ХӀара жима стаг тӀеман коьртачу хьаькамна тӀевига, цуьнга цхьа хӀума ала деза кхуьнан», – аьлла.
Цул тӀаьхьа, шен тӀеман хьаькамех шиъ схьа а кхайкхина, цо элира: «Кхесрин-гӀала ваха ши бӀе гӀашло а, кхузткъе итт дин-бере а, ши бӀе гоьмукълелорхо а кечве, буьйсанна исс сахьт долуш уьш дӀа а хьовсабе.
Къилбера байн мох хьаькхча, царна моьттира иза шайна оьшург ду. Кема сацориг хьала а яьккхина, Крит-гӀайре йистехула дӀабахара уьш.
Амма ПахӀала элира тӀеман хьаькаме а, тӀемалошка а: «Нагахь уьш кеманна тӀехь ца совцахь, шу а кӀелхьардевр дац».
Амма ПахӀал ца вейтархьама тӀеман хьаькамо совцийра уьш. Цо омра дира, нека хууш берш, чу а лелхий, лаьтта тӀе кхача аьлла.
Лодди-юрт Яппи-гӀалина уллохь хиларна, Кипа Лодди-юртахь ву аьлла шайна хезча, и волчу ши стаг вахийтира мурдаша, цуьнга сихонца схьавола аьлла.