Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 8:4 - Делан Йозанаш

4 «ХӀокху хӀуманах лаьцна цхьаьнгге ма дийцалахь. Ваха а гӀой, хьо динан дега а гайтий, тӀаккха Далла лерина сагӀина хӀума ло, Муса-пайхамаро вайна тӀе-ма-диллара. Хьо товаларан тоьшаллина хир ду иза нахана хьалха».

Ver Capítulo Copiar




Маттай 8:4
31 Referencias Cruzadas  

Шен нийсонан дуьхьа Везачу Элана лиира, товрат-хьехам айа а, иза хасто а.


ткъа цу тӀехь долу и томмагӀа баьццарчу я цӀечу басахь хилахь, иза кхерамечу доӀан томмагӀа ду ала мегар ду. Иза динан дена гайта деза.


Со бахьана долуш паччахьашний, элашний тӀе а дуьгур ду шу. Царний, кхечу къаьмнех болчарний хьалха тоьшалла дан а дезар ду шун, шу Сан мурдаш болу дела.


Цо шен мурдашка омра дира, Ша Дала леррина Къобалвинарг ву аьлла, цхьаьнгге а дӀа ма ала аьлла.


Уьш лам тӀера охьабуьссучу хенахь Ӏийсас Шен мурдашка элира: «Адамийн КӀант веллачуьра денваллалц цхьаьнгге а шайна гинарг ма дийцалаш!»


Ӏийсас цуьнга элира: «Тахана шадерг а иштта хила дезаш ду. Берриг а Делан лаам вай кхочушбан беза». Яхьъя Цо бохучунна резахилира.


«Ма мотталаш, Со товрат тӀера хьехамаш я пайхамарша яздинарш дӀадаха веана. Со и хьехамаш дӀабаха веана вац, ткъа уьш кхочушбан веана ву.


«Варелаш, шаьш Далла деш долу гӀуллакх нахана гайта гӀерташ ма лелалаш. Иза аша шайгара далийтахь, шун стигалахь волчу Дегара ял хир яц шуна.


ТӀаккха церан бӀаьрса схьадеара. Ӏийсас царна чӀоггӀа тӀедиллира: «Цхьанна а стагана Сох лаьцна хаа йиш йолуш дац шуна».


Амма шу сема хилалаш, хӀунда аьлча шу дӀа а лоьцур ду, гуламан цӀеношкахь еттар а ю шуна, куьйгалхошна а, паччахьашна а хьалха хӀиттор а ду шу, Со бахьанехь шайна хьалха тоьшаллаш дайтархьама.


Ткъа Ӏийсас чӀогӀа доьхкура царна, Ша мила ву ма дийца бохуш.


Ӏийсас чӀогӀа тӀедиллира царна хилларг цхьаьнгге а цахаийтар. «ЙоӀана яа хӀума ло», – элира Цо цаьрга.


Нагахь санна шаьш цхьана меттигехь тӀе ца лацахь а, я ла ца догӀахь а, шаьш цигара дӀадоьлхуш, шайн когаш тӀера чан охьаегае. Шу тӀе ца эцначу нахана дуьхьал тоьшалла хир ду иза».


Ӏийсас чӀогӀа тӀедиллира царна, цхьаьнгге а хиллачух лаьцна цадийцар, амма Цо чӀогӀа мел дихки а, уггаре а дукха дуьйцура цунах лаьцна.


ТӀаккха Ӏийсас Шех лаьцна цхьаьнгге а дийцар дихкира мурдашна.


Уьш лам тӀера охьабуьссучу хенахь, Ӏийсас царна тӀедиллира, шайна гиначух лаьцна цхьаьнгге а ца дийцар, Адамийн КӀант веллачуьра денваллалц.


Уьш гиначу Ӏийсас элира: «Даха а гӀой, динан дайшна шаьш гайта», – аьлла. Цомгуш нах, дӀабоьлххушехь, новкъахь шайн цамгарх цӀинбелира.


ТӀаккха царна тоьшалла дан йиш хир ю шун.


Дукхахдолчу адамех жинаш дӀакъаьстира: «Хьо Делан КӀант ву!» – бохуш, маьхьарий а детташ. Ӏийсас царна иза ала ца магадора, хӀунда аьлча царна хаьара Иза, Дала леррина Къобалвинарг вуйла.


Юха Ӏийсас элира цуьнга: «Кхунах лаций цхьаьнгге хӀумма а ма дийцалахь. Ткъа хӀинца ваха а гӀой, хьо динан дега гайта. Муса-пайхамаро тӀе-ма-диллара, Далла лерина сагӀанаш даха. Хьо товаларан тоьшаллина хир ду иза нахана хьалха».


Дай-наний чӀогӀа цецдаьлла дара. Амма Ӏийсас элира цаьрга, хилларг цхьаьнгге а ма дийца аьлла.


Ӏийсас и хӀума нахе дӀахаийтар чӀогӀа дихкира царна.


Адамашкара сий дар ца оьшу Суна.


Ша-шегара бохучо шена сийлалла лоьху. Ткъа Иза Ваийтинчун сийлалла лоьхург билггал бакъ ву, Цуьнца харцо яц.


Сайн сий дар ца лоьху Ас. И Лоьххург – кхел Йийриг а ву.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios