НаӀаман, чӀогӀа оьгӀаз а вахана, дӀавахара. Цо элира: «Суна-м моьттура, ЭлишаӀа, суна дуьхьал а хӀоьттина, шен Везачу Деле а кхойкхуш, сан дегӀах куьг а хьаькхна, цамгар дӀайоккхур ю.
Нагахь Ас кхин цхьаммо а дина доцу гӀуллакхаш царна юкъахь ца динехьара, тӀаккха царна тӀехь къа а хир дацара. Ткъа хӀинца, и гӀуллакхаш шайна гина доллушехь, ца вийзира царна Со а, Сан Да а.