16 Суьйранна Ӏийсана тӀебалийра жинаша хьийзош болу нах. Ӏийсас Шен дашаца жинаш дӀалелхийра, кхиболу цомгуш берш туо а бира.
Везачу Эло элира: «Нагахь аша Везачу Эле, шайн Деле, ладогӀахь, Цуьнан лаам аша кхочушбахь, Цо тӀедехкина парзаш аш кхочушдахь, Мисар-махкана тӀе яхкийтинчу цамгарех шуна тӀе цхьа а йоуьйтур яц Ас, хӀунда аьлча Со Веза Эла ву шун дарбанча».
ТӀаккха Ӏийсана тӀе цхьа стаг валийра. Жинаша хьийзош хиларна, бӀаьрзе а, мотт а сецна а вара иза. Ӏийсас иза товира: цомгушниг, мотт а буьйцуш, бӀаьрса схьа а деана, дӀахӀоьттира.
Ша хийисте хьалаваьлча, Ӏийсана адамийн йоккха тоба гира. Царах къа а хетта, цо царна юккъера цомгуш берш тобира.
Иза, куьг дӀа а кховдийна, цуьнан куьйгах дӀаӀоттавелира. Да̄гар дӀа а даьлла, хьала а гӀаьттина, царна хьошалла дан йолаелира цомгушниг.
Ткъа хьакхарчийн Ӏуй цу меттера бевдира. ГӀала дӀа а бахана, цара хьакхарчашна хилларг а, жинаша хьийзош болчу нахана хилларг а массарна дӀадийцира.
Цунна тӀе валийра шен дегӀан дола ца далуш волу цхьа стаг. Иза, хьалагӀатта де доцуш, меттахь Ӏуьллуш вара. Ӏийсас, уьш Делах тешаш хиларх Ша кхеттачул тӀаьхьа, заьӀапхочуьнга элира: «Доьналла долуш хила, сан кӀант, хьан къиношна гечдина».
Баьхкинчарна юкъахь шен дегӀан дола ца далуш волу стаг айина вахьаш веана виъ стаг вара.
Ткъа Ӏийсас хӀетале омра динера жине: «Арадала оцу стагана чуьра!» – аьлла.
Шайна сихха тӀейогӀуш йолу адамийн тоба а гина, Ӏийсас жине элира: «Аса омра до хьоьга: ара а далий, кхин цкъа а хӀокхунна чу ма дола!» – аьлла.
И ган а гина, тӀекхайкхина, Ӏийсас элира цуьнга: «Йиша! Хьо хьайн цамгарх паргӀатъяьлла», – аьлла.
Сарахь, малх чубузучу хенахь, цомгуш болу массо а нах балийра Ӏийсана тӀе. Царна хӀоранна тӀе куьйгаш а дохкуш, дарба дира Цо.
Дукхахдолчу адамех жинаш дӀакъаьстира: «Хьо Делан КӀант ву!» – бохуш, маьхьарий а детташ. Ӏийсас царна иза ала ца магадора, хӀунда аьлча царна хаьара Иза, Дала леррина Къобалвинарг вуйла.
Наха шайн цомгуш берш маьнгешна а, гоьнашна а тӀехь урамашка арабохура, тӀехволучу Кипин ӀиндагӀ мукъана а царна тӀедожийта.