Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 8:12 - Делан Йозанаш

12 Ткъа Шаьш Делан Олалле тӀекхаьчна хеттарш-м Ӏаьржачу бодане арабаьхна хир бу. Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а хир ду».

Ver Capítulo Copiar




Маттай 8:12
19 Referencias Cruzadas  

Сан ялхой самукъадоккхуш хир бу, ткъа шу эхьехь хир ду, Сан ялхоша эшарш лоькхур ю, дегнаш чохь хазахетар хиларна, ткъа аша маьхьарий хьоькхур ду, дегнаш чохь сингаттам хиларна, шу доьлхур ду, синош эшна хиларна.


Ткъа аре – иза дуьне ду. Дика хӀу – Делан Олаллин бахархой бу. Ткъа асаран буц иблисан агӀонгара нах бу.


уьш алуца йогуш йолчу пеша чу кхисса. Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а ду.


йогуш йолчу пеша кхуьссур бу. Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а ду».


Цундела Аса боху шуьга: Делан Олалла, шуьгара схьа а даьккхина, цунах Далла пайда бийр болчу нахе дӀалур ду.


ХӀусамдас и ялхо, тур тоьхна, шина декъе воькъур ву, шалхо лелочу нехан дакъа цунна дӀа а кхочуьйтуш. Ткъа цигахь белхар а, цергаш хьекхор а хир ду».


Чукхосса и шех пайда схьабер боцуш волу ялхо Ӏаьржачу бодане. Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а ду“».


Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а хир ду. Шуна гур бу Делан Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь болчарна юкъахь ИбрахӀим а, Исхьакх а, Якъуб а, берриш пайхамарш а, ткъа шу цигара лохкур ду.


Ткъа пайхамарийн а, Дала шун дайшка динчу весетан а тӀаьхьенаш шу ю. Дала аьлла ИбрахӀиме: „Хьан тӀаьхьенехула декъала хир ду дуьнен чуьра массо а халкъаш“.


исраилхойн дуьхьа. Уьш хаьржина долу Делан бераш ду. Царна елла Делан бераш хиларан бакъо а, Делан сийлалла гойла а. Цаьрца Дала барташ бира. Царна белла товрат-хьехамаш а, Далла муха Ӏибадат дан дезаран хаар а. Царна дина Дала Шен ваӀданаш.


Хи доцучу хьостанех а, мохо лаьхкина юьгучу марханех а тера бу харцхьехамчаш. Ӏаьржачу боданехь меттиг ю царна кечйина.


ХӀунда аьлча къинош летийначу маликашна а геч ца дина Дала. Жоьжахатин бодашка хьовсийна Цо уьш, царна тӀехь кхел яллалц, уьш цигахь буржалш а тоьхна дита.


Шайн эхьечу гӀуллакхийн чопа тӀеяьлла йолу хӀордан буьрса тулгӀенаш ю уьш, кхерста седарчий ду уьш, гуттар а лаьттачу Ӏаьржачу боданехь меттиг кечйина долу.


ГӀалина арахь буьсур бу жӀаьлех тера леларш а, бозбунчаш а, сийсаза леларш а, стаг вийнарш а, цӀушна Ӏамал йийраш а, массо а харцонаш ян а лууш, уьш йийраш.


Везачу Эло шен нехан лар Ӏалашйо, хьарамалла лелорш хӀаллакбо, уьш боданехь къайла а бохуш. Церан ницкъ хиларх пайда бац, и ницкъ цаьргара шайгара бен бацахь.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios