Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 7:6 - Делан Йозанаш

6 Далла гергахь еза йолу хӀума жӀаьлеш дӀа ма луо, уьш, юха а дирзина, шух летар ду. ЖовхӀарш хьакхарчашна хьалха а ма кхисса, цаьрга уьш ца хьешийта».

Ver Capítulo Copiar




Маттай 7:6
18 Referencias Cruzadas  

Хьакхин мерах боллу дашо хӀоз санна ю, хаза а йолуш, хьекъал доцу зуда.


Хьекъал доцучуьнга хӀумма а ма ала, хӀунда аьлча хьекъалечу къамелах иза воьлур ву.


Шен Ӏетторашна тӀе юхадоьрзу жӀаьла санна, сонтаниг а шен сонталлина тӀегӀерта.


Сонтачун сонталле хьаьжжина ма ло жоп, хьо а цунах дӀа ца тарвалийтархьама.


Ӏийсас цу зудчуьнга элира: «Нийса дац иза, берашкара схьа а йоккхуш, юург жӀаьлешна дӀакхоссар».


Сох тешна болу дукхахберш дохко а бевр бу, ямартлонаш а еш, вовшашца гамо лелор ю.


Шалхонча, цкъа хьайн бӀаьргара хен дӀабаккха, тӀаккха са гур ду хьуна, хьайн вешин бӀаьргара чамхалг схьаяккха.


Мосуьйттазза араваьлла леларг хилла а лелла со. ТӀедевллачу хишкахьара кхерамаш а хилла суна. Талорхошкахьара кхерамаш а хилла суна. Сайн тайпанах болчу нахехьара а кхерамаш хилла. Кхечу къаьмнашкарчу нахехьара кхерамаш беана. ГӀалахь а, яьссачу аренгахь а, хӀорда тӀехь а кхерам болуш лелла со. Динан харцвежаршкахьара кхерамаш лайна аса.


Ларлолаш зуламаш дечарах! Уьш жӀаьлех тера бу, цара шайн бехке меттиг хадорца шаьш сакхт до!


Ойла ел, мел чӀогӀа таӀзар дийр ду Делан КӀант емалвинчунна, Делаца бина барт чӀагӀбина а, ша вазвина а долчу цӀийн дозалла ца лериначунна, маьхза дика луш долу Делан Са сийсаздинчунна?


тешарх дӀа а къаьстина, юха а Далла тӀеберзо. Уьш дохкобовларан некъа тӀе цхьаьнгге а ба̄халур бац, хӀунда аьлча цара юха а жӀарах дӀатуху Делан КӀант, массарна а хьалха Иза сийсаз а воккхуш.


Амма цаьрца хуьлуш дерг кицанехь ма-аллара ду: «ЖӀаьла шен Ӏеттораш тӀе юхадогӀу», кхин а: «ЦӀанйина хьакха хоттала йижа йоьду».


ГӀалина арахь буьсур бу жӀаьлех тера леларш а, бозбунчаш а, сийсаза леларш а, стаг вийнарш а, цӀушна Ӏамал йийраш а, массо а харцонаш ян а лууш, уьш йийраш.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios