Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 7:2 - Делан Йозанаш

2 Аша нахана кхел ярх терра, шуна а кхел йийр ю. Аша нехан ма-хаддора, Дала шун а хадор бу мах.

Ver Capítulo Copiar




Маттай 7:2
19 Referencias Cruzadas  

Цара паччахьна жоп делира: «Тхо хӀаллакдан а, тхан къам дерриг а Исраилан лаьтта тӀера дӀадаккха а гӀертара Шаул.


хьайн бӀаьрг баккхахь, цунна дуьхьал бӀаьрг баккха, цергана дуьхьал церг яккха, куьйгах – куьг, когах – ког,


Къа ду хьан, халкъ, чӀана даьккхина доцу чӀана даккхархо! Хьан а къа ду, цхьаммо а ямартло йина воцу ямартхо! Нах чӀана баьхна хьо даьлча, хьо а доккхур ду чӀана. Ямартло йина хьо даьлча, хьуна а йийр ю ямартло.


Цундела Везачу Эло боху: „Аша Соьга ла ца дуьйгӀира, шайн къомах болчарна паргӀато а луш. Цундела Аса паргӀато лур ю туьрана а, Ӏожаллин уьнна а, мацаллина а, – боху Везачу Эло, – шу дайъийтархьама. Аса шуна дечунна дуьненан массо а пачхьалкхаш Ӏадийна лаьттар ю.


«Ткъа хӀинца ЯхӀудхойн бӀаьргашна хьалха Ас дӀадоькхур ду Бавелан къомана а, хашадхойн махкахь мел бехаш болчарна а цара Цийон-лам тӀехь мел дина вон бахьана долуш, – боху Везачу Эло. –


Массо а халкъашна гергадеана Везачу Элан къематде. Аша диннарг шуна а дийр ду. Хьакъ мел дерг шун кортош тӀе доьрзур ду.


Наха шуна йинчу хьарамаллина аша гечдахь, стигалахь волчу шун Дас шуна а дийр ду геч.


Кхин а тӀетуьйхира Ӏийсас: «Дикка кӀоргера ойла елаш, шайна хезначух лаьцна. Аша нехан ма-хаддора, Дала шун а хадор бу мах, ткъа шун кхин а лакхара хадор бу.


Нахана оьшург дӀало, Дала шуна а лур ду шуна оьшург. Ластийча, дуьзна тӀехула оьхучу сахь чохь лур ду шуна догӀург. Аша нехан ма-хаддора, Дала шун а хадор бу мах».


Цу тӀе аса боху: кӀезиг дӀадуьйчо – кӀезиг ялта схьагулдийр ду, ткъа комаьршаллица дӀадуьйчо – алссам ялта схьагулдийр ду.


ХӀунда аьлча къинхетам боцу кхел хир ю шегара къинхетам ца гайтинчунна. Къинхетам кхелал а лакхара бу.


Цо кхечарна динчу гӀуллакхашка хьажжий, дӀадекхалаш цунна! Цо шайна динчунна дуьхьал шозза а дӀадекхалаш цунна. Цо шайна чагӀар кечдинчу кедахь цул шозза дукха чагӀар кечде аша цунна.


Адани-Безакха элира: «Аса кхузткъе итт паччахьан куьйган а, когийн а нана-пӀелгаш дӀахедийна, цара сан шуьнна гонахара цуьргаш лехьийна. ХӀинца Дала соьца а и гӀиллакх хӀоттийна». Адани-Безакх Ярушалайме дӀавигна, циггахь цуьнан кхалхар а хилла.


Цуьнан когаш тӀе а тевжина, иза циггахь воьжна Ӏуьллуш вара. Цуьнан когаш тӀе таьӀӀинчохь валар а хилира цуьнан.


Амма Шамъала элира: «Хьан туьро нанойх бераш ма-даххара, хьан нана а йолийла шен кӀантах». Галгалахь Везачу Элана хьалха Шамъала АгӀаг, вен а вийна, цунах дакъош дира.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios