Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 7:12 - Делан Йозанаш

12 Цундела нахаца йолу юкъаметтиг уьш шайца схьа хила ма-лаъара лелае. Иза товрат тӀера бинчу хьехамашна а, пайхамаршна яздинчунна а тӀера схьадогӀуш ду».

Ver Capítulo Copiar




Маттай 7:12
19 Referencias Cruzadas  

Ткъа зуламхочо, къинош леторан некъ а битина, Сан парзаш лар а деш, бакъдерг а, нийсо а лелаяхь, иза билггал вехар ву, лийр а вац.


Бекхам а ма бе, оьгӀазалла а ма латтае хьайн халкъах болчу нахе. Хьайн уллораниг хьо санна веза. Со Веза Эла ву.


Ва адам! ДӀахаийтина-кх хьоьга диканиг хӀун ду а, Везачу Эло хьоьга хоттун дерг хӀун ду а. Иза ду – нийсонца лелар, тешаме хилар дезар, шен кӀезигалла а хууш, хьайн Делаца лелар.


«Со шуна гергакхочур ву кхел ян. Аса сихха тоьшалла дийр ду бозбунчашна а, кхечуьнца лелачарна а, харц дуйнаш кхуллучарна а, тӀелаьцначу белхалочунна йогӀу ял дӀалуш боцучарна а, йисинчу зудчунна а, бо берана а гӀело ечарна а, тӀевеанарг дӀатоьттуш болчарна а, Соьга ларамах буьзна боцучарна а дуьхьал», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло.


«Ма мотталаш, Со товрат тӀера хьехамаш я пайхамарша яздинарш дӀадаха веана. Со и хьехамаш дӀабаха веана вац, ткъа уьш кхочушбан веана ву.


Нахаца, уьш шайца хила ма-лаъара, хила.


ЦӀеначу даггара, эхь-бехках буьззина, шалхо йоцучу тешаро хуьлуьйту безам бу уьш дӀабехкаран Ӏалашо.


Нагахь Делан Йозанашна тӀера болу паччахьан хьехам: «Хьайн уллораниг хьо санна веза», аша кхочушбахь, аша деш дерг нийса ду.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios