Веза Эла – сан чхар, сан чӀагӀо, со КӀелхьарваккхархо ву. Сан Дела сан тарх ю, Цуьнга ас со ларвойту. Иза сан турс а, сан кӀелхьарваларан ницкъ а бу. Иза со къайлавоккху меттиг а ю.
Царах лахара волчунна а гӀо диначунна, иза Сан мурд вуйла а хууш, Аса баккъалла а боху шуьга, цунна шен ял хир ма ю, цо цунна кеда чохь шийла хи бен ца деллехь а».
Цундела хенал хьалха, Веза Эла схьаваллалц, цхьанна а кхел ма елаш. Цо серладоккхур ду боданехь къайладаьлларг, деган Ӏалашонаш а гучуйохур ю. ТӀаккха Дала хӀоранна а хастам дӀалур бу.
Цул тӀаьхьа цу стага элира: «Исраилан халкъан Дала аьлла дара: „Хьан цӀа а, хьан ден цӀа а массо а хенахь Сан бӀаьргашна хьалха гӀуллакх деш хир ду“. Амма хӀинца Везачу Эло боху: „Иза иштта хир дац! Сан сий деш волчун Аса а дийр ду сий, амма Сан цӀе сийсаза йоккхуш верг юьхьӀаьржачу а хӀуттур ву.