Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 6:3 - Делан Йозанаш

3 Айхьа мискачунна сагӀина хӀума лучу хенахь хьайн аьрру куьйге а ма хаийта аьтту куьйго лелош дерг,

Ver Capítulo Copiar




Маттай 6:3
7 Referencias Cruzadas  

ХӀара шуьца къийсалур а вац, Кхо Шен аз а айдийр дац. Урамашкахь цхьанна а Кхуьнан аз а хезар дац.


Айхьа сагӀа лучу хенахь, иза нахе кхайкхо ма гӀерта, шалхалла йолчу наха санна, гуламан цӀенош чоххьий, ураман некъашкахь шаьш нахе хастадайтархьама. Аса тоьшалла до шуна: царна йогӀуш йолу ял иштта а дӀакхаьчна шуна.


айхьа лун сагӀа къайлаха хилийта. Шадерг а гуш волчу хьан Дас хьуна йогӀу ял дӀалур ю».


«ХӀокху хӀуманах лаьцна цхьаьнгге ма дийцалахь. Ваха а гӀой, хьо динан дега а гайтий, тӀаккха Далла лерина сагӀина хӀума ло, Муса-пайхамаро вайна тӀе-ма-диллара. Хьо товаларан тоьшаллина хир ду иза нахана хьалха».


ТӀаккха церан бӀаьрса схьадеара. Ӏийсас царна чӀоггӀа тӀедиллира: «Цхьанна а стагана Сох лаьцна хаа йиш йолуш дац шуна».


«Варелахь, хиллачух лаьцна цхьаьнгге а ма дийцалахь. Ткъа хӀинца ваха а гӀой, хьо динан дега а гайтий, Муса-пайхамаро тӀе-ма-диллара, Далла лерина сагӀанаш даха. Хьо товаларан тоьшаллина хир ду иза нахана хьалха».


ХӀунда аьлча ша гӀаравала лууш волчу цхьаммо а ша деш долу цхьа а гӀуллакх къайлаха ца до. Нагахь Айхьа иштта гӀуллакхаш деш хилча, дуьненна а Хьо вовзийта».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios