Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 6:2 - Делан Йозанаш

2 Айхьа сагӀа лучу хенахь, иза нахе кхайкхо ма гӀерта, шалхалла йолчу наха санна, гуламан цӀенош чоххьий, ураман некъашкахь шаьш нахе хастадайтархьама. Аса тоьшалла до шуна: царна йогӀуш йолу ял иштта а дӀакхаьчна шуна.

Ver Capítulo Copiar




Маттай 6:2
56 Referencias Cruzadas  

Бер ца хуьлуш йолчу зудчуьнан тидам бо Цо цуьнан хӀусамехь, шен берех йоккхаеш йолу зуда Цо цунах йо. Везачу Элана бу хастам!


Ас дечу диканна дуьхьал суна зулам дийраш, аса дика дешшехь, суна дуьхьалбовлу.


Мискачунна дина дика Везачу Элана делла духалург ду, ткъа Везачу Эло иза цунна юхадерзор ду.


Дукхахдолчу адамаша шаьш тешаме хиларх лаьцна дуьйцу, амма билггал тешаме верг каро хала ду.


Хьайн долу хьал кхечу ворхӀ я бархӀ стагана дӀадекъа, хӀунда аьлча цхьанна а ца хаьа, хӀун бохам хила тарло кху лаьттахь.


Ӏесачу халкъана дуьхьал, Со оьгӀазвахийтинчу къомана дуьхьал дохуьйту Аса ашурхойн халкъ, талор лело а, хӀонс яккха а, исраилхой, новкъара хатт санна, хьеша а».


мецачуьнца хьайн бепиг декъа, бевлла лела миска нах хьайн цӀа чу бига, верзинчунна тӀе бедар юха, хьайн гергарчух дӀа ма лачкъа.


Цу халкъа юкъара кегийрачу нахах воккхавийр вац Веза Эла, байх а, бисина Ӏачу зударех а къинхетам бийр бац Цо, хӀунда аьлча уьш берриш а Ӏесанаш а, зуламхой а бу, церан баганаша сонталла юьйцу. Иза иштта делахь а, Везачу Элан оьгӀазалла дӀа ца яьлла, Цуьнан куьг кхидӀа а халкъана тӀехула дӀакховдийна ду, таӀзар дархьама.


«Орца даккха, хьайн бете коьман маӀа схьа а лаций! Аьрзу санна, мостагӀий Везачу Элан халкъана тӀелета, хӀунда аьлча Соьца бина барт бохийра цара, Аса бинчу товрат-хьехамашна дуьхьалбевлла уьш.


Шалхо лелорш! Шух лаьцна нийса аьлла хилла ЕшаӀ-ЯхӀус ша Делера бинчу хаамехь:


Малх схьакхеттачу хенахь олу: „Таханлера де йочане хир ду, хӀунда аьлча стигал цӀарула-цӀен а, кхоьлина а ю“. Шуна стигалан сибат девза, амма заманан билгалонаш къасто ца хаьа шуна.


Ӏийсана хууш яра церан ямарта ойланаш, цундела Цо элира: «Шалхончаш! Со стенна зоь аш?


Цара шаьш деш долу дика нахана гайтархьама до: Делан Йозанаш тӀеяздина йолу церан хьаьжнаш тӀе йоьхкург кхечерачул шорлуш ю, ткъа обанаш тӀера чечакхаш яхлуш ю.


Царна уггар сийлахь йолу меттигаш еза тойнашкахь а, гуламан цӀенош чохь а.


ХӀусамдас и ялхо, тур тоьхна, шина декъе воькъур ву, шалхо лелочу нехан дакъа цунна дӀа а кхочуьйтуш. Ткъа цигахь белхар а, цергаш хьекхор а хир ду».


Аса чӀагӀо йо шуна: стигаллий, латтий дозуш а долуш, товрат-хьехамашна юккъера цхьа элп я цхьа сиз а дӀадоккхур дац, цу тӀехь аьлларг кхочушхиллалц.


«Шаьш марха кхобучу деношкахь, шалхалла йолу нах санна, олла а делла, дастам девлла ма лела, хӀунда аьлча уьш шаьш марха кхобийла нахана дӀагайта гӀерташ лела. Аса ма-аллара, царна йогӀуш йолу ял дӀакхаьчна шуна.


Айхьа мискачунна сагӀина хӀума лучу хенахь хьайн аьрру куьйге а ма хаийта аьтту куьйго лелош дерг,


«Шаьш доӀа дечу хенахь шайца шалхалла йолчу нахах дӀа ма тарло, гуламан цӀенош чохь а, ураман некъашкахь а нахана шаьш гайтархьама доӀанаш дан дӀахӀуьттуш болчу. Аса тоьшалла до шуна: царна шайна йогӀуш йолу ял дӀакхаьчна.


Шалхонча, цкъа хьайн бӀаьргара хен дӀабаккха, тӀаккха са гур ду хьуна, хьайн вешин бӀаьргара чамхалг схьаяккха.


Царна лаьа гуламан цӀа чохь а, тойнехь а баьрччехь Ӏан.


Ӏийсас элира цаьрга: «Нийса хилла ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамар, ша Делера болу хаам беш. Шух, шалхо лелочарех, яздина ма-хиллара: „ХӀокху адамаша Со багахь лору, ткъа церан дегнаш Суна дукха генахь ду.


Шайн долахь дерг къечаьрца декъа, тӀаккха дерриг а нийса хир ду шун.


Къа ду шун, парушхой! Гуламан цӀа чохь баьрччехь Ӏан лаьа шуна, базаран майданашкахь массара а шайга маршалла хатта лаьа шуна.


Шайн бахамаш дӀа а бухкуш, мискачарна сагӀа ло. Лелийча тишлур доцу бохчанаш кечде шайна, лахлур йоцу хазна гулъе стигалахь: цигахь цунна тӀе къу а кхочур вац, нецано иза юур а яц.


Шалхончаш! Стигалан а, лаьттан а билгалонаш хаьа шуна, ткъа таханлерчу заманан билгалонаш къасто хӀунда ца хаьа шуна?»


Везачу Эло, жоп луш, элира цуьнга: «Шалхончаш! Шайн сту я вир, хьаьвдех схьа а достий, Далла леринчу шоьтан дийнахь хи мала ца дуьгу аш?


«Ӏеламчу нахах ларлолаш. Уьш деха духарш духий лела, базаран майданашкахь шайга маршалла хоттуш хазахета царна, гуламан цӀа чохь а, той долчохь а баьрччехь Ӏан лаьа царна.


Амма къа ду шун, хьолахой, хӀунда аьлча хӀинца синтеме ду шу.


Муха эр ду ахь цуьнга: „Ваша, хьайн бӀаьргара чамхалг дӀаяккхийтахьа соьга“, хьуна хьайн бӀаьргара хен гуш ца хилча? Шалхонча! Цкъа хьалха хьайн бӀаьргара хен дӀа а баккхий, хьайн бӀаьрса тоделча, тӀаккха вешин бӀаьргара чамхалг дӀаяккха».


ЯхӀудехь ахча долу тӀоьрмаг хиларна, царах цхьаболчарна моьттира, Ӏийсас цуьнга: «Дезачу денна вайна оьшург эца», – я: «Мискачарна сагӀа ло», – боху.


Адамашкара сий дар ца оьшу Суна.


Муха тешар ду шу, цхьаммо шайн сий дича, аша иза хазахетарца тӀеоьцуш хилча? Ткъа цхьаъ бен воцучу Делера сий аша ца лоьху.


Ша-шегара бохучо шена сийлалла лоьху. Ткъа Иза Ваийтинчун сийлалла лоьхург билггал бакъ ву, Цуьнца харцо яц.


Иза ша а, цуьнан доьзал а суьпа а, Делах кхоьруш а нах бара. Цо мискачу нахана сагӀа а лора, гуттар а Деле доӀанаш а дора.


„Корнил, – элира цо, – Дала хьан доӀанашна а, мискачарна деллачу сагӀанашна а жоп делла.


Кхеравелла, цуьнга дӀахьаьжира Корнил. «ХӀун боху ахьа, Эла?» – хаьттира цо. Малико жоп делира: «Хьан доӀанашна а, сагӀанашна а Дала жоп делла.


Цундела мурдаша сацам бира, шайн тароне хьаьжжина, ЯхӀуд-махкахь болчу динан вежаршна гӀо дан.


Дуккха а шераш девллачул тӀаьхьа Ярушалайме веана со, сайн халкъана юкъара къечарна хӀума кховдорхьама а, сагӀа даккхархьама а.


Ӏийсах тешаш а йолуш, Яппи-гӀалахь Ӏаш Тавита цӀе йолуш цхьа зуда яра. (Грекийн маттахь цуьнан цӀе Дорка яра, иза «лу» бохург ду.) Тавита гуттар а диканиг деш а, мискачарна сагӀа луш а стаг яра.


Уллорачун догъэца похӀма хьан делахь – догъэца. Хьайн йолчу хӀуманийн кхечаьрца дакъа дан похӀма хьан делахь, уьш комаьрша дӀасаекъа. Куьйгалла дан похӀма хьан делахь, доггах куьйгалла де. Къинхетам баран похӀма хьан делахь, иза а хазахетарца де.


Нагахь санна аса сайн берриг а бахам дӀабекъахь а, ур-атталла сайн дегӀ ас дагадайтахь а, амма сан безам бацахь, суна цунах цхьа а пайда ца хуьлу.


Деккъа цхьа дехар дира цара: мисканаш дагахь латтабар. Изза дан со а чӀогӀа гӀертара.


ХӀума лечкъош хиллачо кхин ма лечкъае. Мелхо а, шен куьйгашца диканиг а деш, къахьега деза цо. ТӀаккха мискачунна кховдо хӀума а хир ю цуьнан.


Шуна я кхечарна тхаьш ларар я тхо хестор тӀе ца дуьллу оха.


Хазаниг дар а, дика гӀуллакхаш шортта дар а тӀедилла царна. Комаьрша хила а, шайн хьал кхечаьрца декъа а хьеха царна.


Динан ваша, хьан безамах боккха синтем а, хазахетар а хилла суна, хьан доггах леларо Делан нехан дегнаш дендина дела.


Диц ма делаш диканиг дан а, вовшашна оьшург шайна юкъахь декъа а, хӀунда аьлча иштта сагӀанаш Далла тамехь ду.


Нагахь цхьаъ хьехам беш велахь, и хьехам Делера болуш санна бе, Далла гӀуллакх деш велахь, Дала шена беллачу ницкъаца де и гӀуллакх. Иштта Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Дела хастаме хир ву. Сий а, ницкъ а хуьлда Ӏийсан бӀеннаш шерашкахь, амин!


ТӀаккха вукхо элира: «Аса къа латийна. Делахь а хӀинца сан къоман къаношна хьалха а, со Исраилан халкъана хьалха а ларий, соьца юхаверзахьара хьо, тӀаккха аса хьан Везачу Далла Ӏибадат дийр дара».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios