Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 6:12 - Делан Йозанаш

12 Дехьа тхуна геч, тхайна декхарийлахь болчарна оха ма-гечдарра.

Ver Capítulo Copiar




Маттай 6:12
25 Referencias Cruzadas  

ДӀахозийла Хьуна Хьайн лай волчун доӀа а, Хьайн Исраилан халкъан доӀанаш а, цара, хӀокху меттехьа а бирзина, Хьайга доӀа дечу хенахь. Хьо стигалшкахь Ӏаш ву, ткъа оха доьху Хьоьга, цигахь тхан доӀа дӀа а хазий, гечдехьа тхуна.


стигалшкахь церан доӀа дӀа а хазий, гечдехьа хӀокху Хьайн Исраилан халкъан къиношна. Айхьа хьалха церан дайшна делла долчу лаьтта тӀе уьш юхаберзабехьа.


доьху Хьоьга, Хьо Ӏаш волчу стигалшкахь, цуьнан доӀа дӀахазий, гечдехьа цунна, гӀо дехьа. Хьуна цхьанна хаьа-кх хӀора адаман дагахь дерг. Цундела доьху Хьоьга, хӀора стагана а доггӀург цуьнан гӀуллакхашка хьаьжжина дехьа.


Гечдехьа Хьайн халкъана цара Хьайна хьалхахь латийначу къиношна а, Хьуна хьалха цара нийса ца динчу массо хӀуманна а, ткъа уьш йийсаре бигна болу мостагӀий царна къинхетаме хилийтахьа.


Делан лаамехь дерш, шайн Везачу Эло диначунна даккхийделаш. Шаьш бакъ болчаьргахь хастамаш бар товш ду.


Шен тешам эзарнаш тӀаьхьенашкахь латтош волу а, зуламна а, харцонна а, къинна а гечдеш волу а, амма бехк бекхам ца беш ца буьтуш волу а, дайша латийначу къинна берашна а, берийн берашна а кхозлагӀчу а, йоьалгӀачу а тӀаьхьенехь таӀзар деш волу а».


Дуьйло, цхьаьна къастор ду вай, – боху Везачу Эло. – Шун къинош кӀадин таьӀна-цӀен бос санна дӀа ца дахалуш делахь а, ло санна, кӀайдийр ду уьш. Уьш сирла-цӀен бедар санна делахь а, тӀаргӀа санна, кӀайдийр ду.


Хьалдолу Эла, дӀахазахьа! Хьалдолу Эла, гечдехьа! Хьалдолу Эла, тергам а бехьа, гӀуллакх а дехьа, Хьайн дуьхьа дӀа ца тоьттуш, сан Дела, хӀунда аьлча Хьан цӀе тиллина Хьан гӀалина а, Хьан халкъана а».


иза Сан цӀий ду шуна, Делаца бина барт чӀагӀбеш долу, дуккха а нах къинойх цӀанбархьама Ӏенар долу!


Цунна тӀе валийра шен дегӀан дола ца далуш волу цхьа стаг. Иза, хьалагӀатта де доцуш, меттахь Ӏуьллуш вара. Ӏийсас, уьш Делах тешаш хиларх Ша кхеттачул тӀаьхьа, заьӀапхочуьнга элира: «Доьналла долуш хила, сан кӀант, хьан къиношна гечдина».


Шаьш доӀа дечу хенахь шайн даг чохь цхьанна вас елахь, къинтӀера довла цунна, шайн къиношна а Стигаларчу Дега гечдайтархьама».


Тхан къиношна гечдехьа, тхайна декхарийлахь болчарна оха ма-гечдарра. Хьарам лаамна кӀел ма дахийтахьара Ахьа тхо“».


Шуна моьтту хир ду, Шилонан бӀов тӀе а йоьжна, велла волу берхӀитта стаг Ярушалаймехь болчу вукху нахал бехке вара?


«Цхьанна а кхел ма е, Дала шуна а кхел йийр яц. Цхьа а бехке ма ве, Дала шу а бехке дийр дац. КъинтӀерадовла нахана, Дела шуна а къинтӀера вер ву.


Цундела, сан вежарий, суна лаьа шуна хуийла, тахана Цуьнан дуьхьа шун къиношна гечдар ду шуна кхайкхош дерг. ХӀора Ӏийсах тешаш верг массо а хӀуманна тӀехь Далла хьалха бакъво, ткъа Муса-пайхамаран хьехамашкахь шун Далла хьалха бакъхила ницкъ бацара.


Ӏийсас, Шен цӀий Ӏанорца мах а белла, вай паргӀат а даьхна, вайн къиношна геч а дина. Ткъа иза Дала вайна шортта деллачу дикане хьаьжжина ду.


Амма вовшашца дика а, къинхетаме а хила. Дала шуна Ша леррина Къобалвинчуьнгахула гечдаре терра, шу а вовшашна къинтӀера довла.


Вовшех кхеташ хилалаш, нагахь санна цхьаъ вукхунна дегабаам болуш велахь, вовшашна гечделаш, Везачу Эло шайна гечдаре терра.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios