Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 6:1 - Делан Йозанаш

1 «Варелаш, шаьш Далла деш долу гӀуллакх нахана гайта гӀерташ ма лелалаш. Иза аша шайгара далийтахь, шун стигалахь волчу Дегара ял хир яц шуна.

Ver Capítulo Copiar




Маттай 6:1
36 Referencias Cruzadas  

Цо элира: «Соьца дӀа а волий, со Везачу Элана тӀевирзина хиларе хьажахьа». ЯхӀу-Надаб гӀудалкхана чу охьахиира.


Амма ЯхӀу Исраилан халкъан Везачу Делан товрат-хьехамаш доггах ларбаран некъа тӀехь ца лелара. ЯрбаӀама Исраилан халкъе летадайтинчу къиношна тӀера дӀа ца вирзира иза.


Бер ца хуьлуш йолчу зудчуьнан тидам бо Цо цуьнан хӀусамехь, шен берех йоккхаеш йолу зуда Цо цунах йо. Везачу Элана бу хастам!


Уьш хьо волчу схьабогӀу, халкъан гуламе богӀуш санна. Сан халкъ хьуна хьалха охьахоу, цо хьоьга ла а дугӀу, амма цо ахьа бохург кхочуш ца до. Цара хьуна тамехь долу къамелаш до, амма церан дегнаша адам ледарца шайна са̄ лоху.


„ХӀара яц ткъа аса олалла дечу хенахь сайн цӀе яккхийтархьама, сайн нуьцкъаллица сан пачхьалкхан цӀа хилийта йина йолу Бавел-гӀала!“


И де тӀекхаьчча, шена сурт хӀоттийна хӀорра а харцпайхамар Делан цӀарах хаам бан хӀуттур вац. Нах лебархьама, пайхамарийн духар шайна тӀедухур дац харцпайхамарша цкъачунна.


«ХӀокху лаьтта тӀера дерриге а халкъе а, динан дайшка а иштта дӀаала: „Шаьш, делха а доьлхуш, шеран пхоьалгӀачу а, ворхӀалгӀачу а беттанашкахь марханаш кхобуш (иза аша деш долу-м кхузткъе итт шо ду), Сан дуьхьа-м ца кхобура аша и марханаш? Сан дуьхьа дара те иза?


Адамийн КӀант шен Ден сийлаллица, гонах маликаш а долуш, схьавеача, Цо стагана хьакъ дӀалур ду, хӀораммо а динчуьнга хьаьжжина.


ТӀаккха Ӏийсас цаьрга элира: «Варелаш, ларлолаш садукъойн а, парушхойн а муьстачу бедах».


Къа ду шун, Ӏелам нах а, парушхой а, шалхалла шайца йолуш долу! Адамашна Стигалийн Олалла тӀелаца боьду некъ дӀакъевлина аша. Шаьш а ца доьлху шу цу некъахула, ткъа кхечу нахана а дуьхьал ду шу цу некъахула уьш бахийта.


Цара шаьш деш долу дика нахана гайтархьама до: Делан Йозанаш тӀеяздина йолу церан хьаьжнаш тӀе йоьхкург кхечерачул шорлуш ю, ткъа обанаш тӀера чечакхаш яхлуш ю.


Паччахьо цаьрга эр ду: „Аса баккъалла а боху шуьга: гӀо оьшучохь хӀокху Сан вежаршна, царах уггар ледара волчунна а, аша мел динарг Сан дуьхьа дина ду шуна“.


Нахана шуьгара серло гойла, шун дика гӀуллакхаш гайтархьама а, адамашка Далла хастам байтархьама а».


Шуна шайца дика берш бен безаш ца хилча, цунах хӀун пайда хир бу? Иза санна йолу юкъаметтиг-м ял йоккхучара а лелайо шуна.


Цундела, шайн стигалахь волу Да санна, дуьззина цӀена хила».


«Шаьш марха кхобучу деношкахь, шалхалла йолу нах санна, олла а делла, дастам девлла ма лела, хӀунда аьлча уьш шаьш марха кхобийла нахана дӀагайта гӀерташ лела. Аса ма-аллара, царна йогӀуш йолу ял дӀакхаьчна шуна.


Цундела шаьш доӀа дечу хенахь хӀокху дешнашна тӀе тидам бахийта: Тхан стигалара Да! Хьан цӀе сийлахь хуьлда!


Ӏийсас дӀахаийтира цаьрга ишттачу дешнашца: «Хьовсалаш! Парушхойн а, ХӀародан а муьстачу бедах ларлолаш».


Хьайн дегӀера серлонах бода ца хилийта хьажалахь.


Цу хенахь эзарнаш адамаш гулделира, вовшашна тӀеттӀатеӀара уьш. Ӏийса цкъа хьалха шен мурдашка къамел дан волавелира: «Парушхойн муьстачу бедах – шалхаллех ларлолаш.


Цул тӀаьхьа Цо элира массаьрга а: «Варелаш! БӀаьрмециг ма хилалаш. Стеган дахар цуьнан хьолах лаьтташ дац шуна, иза мел дукха делахь а».


Ткъа Цо элира цаьрга: «Шу нахана хьалха диканаш хила гӀерташ ду, амма Далла хаьа шун дагахь дерг. Адамашна мехала хетарг Далла боьха хета.


ХӀунда аьлча шайна адамашкара долу сийдар Дала сийдарал а сов дезарна.


Муха тешар ду шу, цхьаммо шайн сий дича, аша иза хазахетарца тӀеоьцуш хилча? Ткъа цхьаъ бен воцучу Делера сий аша ца лоьху.


ТӀаьхьа богӀу нах а гина, Кипас элира: «Исраилхой, хӀокху гӀуллакхах шу цец хӀунда дуьйлу? Тхешан ницкъаца я суьпа хиларца товина-м ца моьтту шуна оха и стаг?


Шу сунтдан тӀетеӀош берш шайх тамаш байта лууш бу. Царна ца лаьа Дала леррина Къобалвинарг жӀарах дӀатохар бахьана долуш шаьш хьийзадайта.


Цо закъалтана елларг малх чубузале юхало, шайн бедарш тӀехь а йолуш дӀадийшинчохь цуьнга шаьш декъалдайтархьама. Шун Везачу Дала иза бакъахьара лелар лорур ду.


Дала леррина Къобалвинчун сийсазвар шена доккхаха хьал лерира Мусас Мисар-мехкан хазнел а. Иза шена лун долчу совгӀате хьоьжура.


Цундела ваьшна хезначунна къаьсттина чӀогӀа тидам тӀебохуьйтуш хила деза вай, тешарх хера ца довлархьама.


ХӀунда аьлча нийса доцург дац Делехь. Цунна дицлур дац шун гӀуллакхаш а, аша Цуьнан нахана тохара а, хӀинца а гӀодарца Цуьнга гайтина болу безам а.


Къа а хьегна, вай даьккхинарг, аша дайа а ца дойуш, цунах юьззина ял шайна схьаэца хьовсалаш.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios