Дауда, царна дуьхьал ара а ваьлла, элира: «Нагахь санна шу, суна гӀо дан а лууш, со волчу машарца даьхкинехь, хуьлийла сан шуьца деган цхьаалла. Амма, нагахь санна, суна ямартло а йина, сан мостагӀийн кара со дӀавала шу даьхкинехь, сан куьйгаш къинойх цӀена делахь а, вайн дайн Дала, шуна дагадеанарг а гина, дан дезарг Ша дойла шуна».