Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 5:6 - Делан Йозанаш

6 Декъалбина бу бакъоне кхача хьагбелларш – Дала церан лаам кхочушбийр бу.

Ver Capítulo Copiar




Маттай 5:6
29 Referencias Cruzadas  

ГалӀад-мохк а Сан бу, Маннаш-мохк а Сан бу, Эпрайм-мохк Сан коьртан чӀагӀо ю, ЯхӀуд-мохк – Сан паччахьаллин гӀаж ю.


Шен пхерчий а кхиссина, Цо мостагӀий дӀасалаьхкира. ЧӀогӀа ткъес а тоьхна, Цо уьш дӀа ма бовдийтира.


Шайн кӀелонера цара и пхерчий бехке воцчунна тӀе кхуьссу. ХӀуманах а ца кхоьруш, цара цӀеххьана цунна тӀе уьш кхуьссу.


Хьуна хьалха дерриг дуьне а охьатаьӀа, цо Хьуна эшарш а лоькху. Хьан цӀарна эшарш лоькху цо!»


Веза Эла! Хьайн махкана диканиг дина Ахьа, Якъубан тӀаьхье юхаметтахӀоттийна Ахьа.


Ӏеса стаг кхоьруш дерг цунна тӀедогӀур ду, ткъа хьаналчу стага сатуьйсуш дерг цунна хир ду.


Массо а хенахь нийсонца а, безамца а леларна тӀегӀерташ верг дуккха а вехар ву, цуьнца нийса лелар ду, цундела цуьнан сий дийр ду.


Сайн беша веара со, сан йиша, сан нускал. Сайн хазачу хьожанашца сайн деза даьтта гулдира ас, сайн мазаца долу сайн алхаш диира ас, сайн шуьраца сайн чагӀар мелира ас. Яалаш, доттагӀий, малалаш, дуззалц малалаш, безам баханарш!


Массо а ницкъийн Везачу Эло Цийон-лам тӀехь массо а халкъан той хӀоттор ду. Цу тойнехь жижиг а, чагӀар а хир ду. Жижиг токхе хир ду, ткъа чагӀар шира а, цӀена а хир ду.


Къенаш а, мисканаш а хи лоьхуш бу, амма иза дац. Церан меттанаш дакъаделла хьогаллина. Амма Ас, Везачу Эло, жоп лур ду царна. Ас, Исраилан Дала, буьтур бац уьш.


Ас хи доссор ду хьогах долчу лаьттана, татолаш хоьцур ду екъачу аренашка. Ас Сайн Деза Са хьан берашна тӀе доссор ду, Сан декъалдар хоьцур ю хьан тӀаьхьенашка.


Цундела иштта боху Хьалдолчу Эло: «Сан ялхоша юур ю, ткъа шу меца Ӏийр ду, Сан ялхоша мер ду, ткъа шу хьогах хир ду,


Цуьнан синтемечу некхах шу, дакха а декхна, Ӏаьбна хир ду. ЧӀогӀа мала а муьйлуш, цуьнан даккхийчу накхойх зовкх хьоьгур ду.


ХӀора кӀадвеллачу стеган Аса хьогалла йойур ю, ткъа хӀора гӀелвелларг Аса кхачанах вузор ву».


Цо мецанаш дикачу кхачанах бузийна, хьалдерш хӀума ца луш дӀабахийтина.


Дала декъаладо шу, хӀинца меца дерш, хӀунда аьлча тӀейогӀучу хенахь дуьзна хир ду шу. Дала декъаладо шу, хӀинца доьлхуш дерш, хӀунда аьлча тӀейогӀучу хенахь доьлур ду шу.


Къа ду шун, хӀинца дуьзнарш, хӀунда аьлча тӀейогӀучу хенахь меца хир ду шу. Къа ду шун, хӀинца доьлуш дерш, хӀунда аьлча тӀейогӀучу хенахь шун бӀаьргех хин тачанаш оьхур ду.


ткъа Аса шена лун долу хи мелча, иза цкъа а хьаглур вац. Амма Ас лур долу хи стагана чохь, Дела волчохь хедар доцучу дахаре доьдучу хин хьоста а хилла, дӀахӀуттур ду».


Кху дуьнен чуьра телхар болчу кхачанна къа ма хьега. Амма шаьш Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхачош болу, Адамийн КӀанта шайна лур болу кхача лаха, хӀунда аьлча Дала Шен мухӀар таӀорца тоьшалла до Цунах».


Сийлахь-доккхачу дезачу денойн тӀаьххьарчу дийнахь Ӏийсас, дӀа а хӀоьттина, кхайкхам беш, элира: «Шаьш хьогах долчара, Суна тӀе а дуьйлий, мала шайна.


ХӀинца дуьйна уьш меца а хир бац, хьогах а хир бац. Уьш малхо а, йовхоно а кхин хьийзор бац.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios