Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 5:5 - Делан Йозанаш

5 Декъалбина бу эсала амал ерш – дерриг а дуьне церан хир ду.

Ver Capítulo Copiar




Маттай 5:5
30 Referencias Cruzadas  

ЖагӀа санна йолу къора туху Цо. Цуьнан шелонна дуьхьал мила латталур ву?


ХӀунда аьлча Везачу Эло Шен халкъах дезар оьцу. Мискачеран Цо сийдо уьш кӀелхьарбахарца.


Сан са хӀаллак ма дехьа къинош летош болчаьрца, сан дахар а хӀаллак ма дехьа цӀий Ӏанор дезачаьрца.


Дог а дегадо сан. Сан ницкъо а вити со. БӀаьргийн серло а яц ур-атталла хӀинца сан.


Ма витахьа со, Веза Эла! Гена ма валахьа суна, сан Дела!


Ца мегачу ваьлла со, воха а воьхна, узарш деш лела со, дог чӀогӀа дохарна.


Къечарна кхел нийсонца йийр ю цо, лаьттан гӀело хьоьгучеран гӀуллакх догцӀеналлица къастор ду цо. ГӀаж санна, багара схьадолучу шен дешнашца цо лаьттана еттар ю. Балдашкахула схьайолучу шен Ӏаьнарца цо Ӏесанаш бойур бу.


Везачу Эло хазахетар лур ду шаьш кӀезиг хетачарна, мисканаш баккхийбеш хир бу Исраилан Везачу Делах,


Дерриг а хьан халкъ, нийсонца а лелаш, абаденналц лаьттан дола деш хир ду. И халкъ Ас доьгӀна синтар ду, Сан куьйгийн болх бу, Сан исбаьхьалла хьалаяккха кхоьллина ду.


Хьалдолчу Элан Са дагца ду Сан, хӀунда аьлча Везачу Эло Со къобалвина мискачарна хаза кхаъ кхайкхо. Цо хьажийна Со дог доьхначарна дарба дан, йийсархошна паргӀатдовлар кхайкхо, тутмакхаш набахтера арабаха,


Лахийша Веза Эла, лаьтта тӀехь шаьш кӀезиг хеташ долчу, Цо тӀедиллинарг кхочушдечу массара а. Нийсонца лелийша, шайн кӀезигалла дагахь латтаейша. Шу кӀелхьардовлийла хила тарло Везачу Элан оьгӀазаллин дийнахь.


(Ткъа кху лаьттахь мел долчу адамал Мусана ша кӀезиг хетара.)


Сан дукъ шайна тӀеэца, Сох Ӏама, хӀунда аьлча даг чохь Со чӀогӀа эсала а, кӀеда а ву шуна. Цундела шуна Со волчохь деган синтем карор бу.


«ДӀаала Цийонан йоӀе: „Хьажал, хьан Паччахь ву хьо йолчу тӀевогӀуш! Цуьнан эсала амал ю. Иза вирана тӀехиъна вогӀу, боьршачу вирбокъана тӀехиъна вогӀу!“»


ИбрахӀиман а, цуьнан тӀаьхьенан а карахь хир ду дуьне, аьллера Дала. ИбрахӀима товрат-хьехамаш кхочушбо дела, аьлла дацара иза, ткъа Дала иза, цуьнан тешар бахьана долуш, Шена хьалха бакъвина лерина хиларна аьлла дара.


эсала хилар, чуьра ца валар. Ишттачу леларна дуьхьал цхьана а бакъонаша а вониг дойла дац.


Вовшашна муьтӀахь хиларца а, эсалчу амалца а, доккхачу собарца а массо а хенахь лелалаш. Даггара болчу безамца вовшашна садетталаш.


Дала даздинарш а, Цуьнан хьоме хаьржинарш а шаьш хиларна, къинхетамах, диканиг дарх, ша-ша лахара хетарх, эсалаллех, собар хиларх дуьзна хилалаш.


Хьо-м Делан стаг вай, Тимапи. Оцу вочу хӀуманех къахкалахь. Делан лаамехь хилар, суьпа хилар, тешар, безам, собар, эсала хилар лахалахь.


Шен мостагӀашна а эсала хьехамаш бан беза цо. Дала царна а дохкодовлар а, билггал бакъдерг довзар а дала тарло.


Цхьанна а ле а ца луьйш, машаре а, эсала а, массо а адамашца шаьш кӀеда-мерза хилар а гойтуш, хила беза уьш.


Цундела муьлхха а хьарам хӀума а, вон мел лелар а дӀадаккха. Далла муьтӀахь а хуьлуш, шайга кховдийна а, шаьш кӀелхьардаха тарлуш долу а Делан дош тӀеэца.


Ша хьекъал а, кхетам а болуш волчо шен оьздачу леларца а, хьекъалера схьадолчу эсалаллехь динчу гӀуллакхашца а гайта ца деза иза?


Дала леррина Къобалвинарг шайн дегнашкахь Веза Эла санна хилийта. Шайга хаттахь, гуттар а кийча хила жоп дала, шуьца болу сатийсам стенца боьзна бу.


Мелхо а, даггара долчу, телхар доцучу, тийначу, эсалчу синан хазаллица кечдала хьовса. Иза Далла гергахь деза ду.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios