И дерриг а хиллачул тӀаьхьа Везачу Элан дош деара Ибрамна, цхьа сурт а хӀоьттина. Дала элира: «Ма кхералахь, Ибрам! Со хьо Ӏалашвен йолу гӀап ю. Ас хьуна ден долу совгӀат а доккха ду».
Амма аш кхечу тайпана дан деза: шайн мостагӀий беза, диканиг де, духалург ло, схьадаларе а ца хьоьжуш, тӀаккха шуна лун йолу ял еза хир ю: шу Веза Воккхачун бераш хир ду, хӀунда аьлча Дела Ша а къинхетаме ву вочу а, шайна динчу диканна хама ца бечу а нахаца.
Со вен там бу. Ткъа сан валар чагӀаран сагӀанах тардала мега. Нагахь иза шун тешамечу гӀуллакхдаран сагӀина тӀе Ӏанахь а, со воккхавеш ву – шуьца массаьрца а воккхавийр ву со.