Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 5:10 - Делан Йозанаш

10 Декъалбина бу, бакъонна тӀаьхьахӀиттина аьлла, таӀзаре озийнарш – уьш, Стигалийн Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь бу».

Ver Capítulo Copiar




Маттай 5:10
30 Referencias Cruzadas  

Сан доттагӀий а, накъостий а сан даьӀнех дӀабирзи. Сан гергара берш берриге а суна генабевли.


Везачу Элан даше ладогӀа, Цуьнан дашах бегош берш: «Сан цӀе бахьана долуш, шу ца дезачу а, дӀалоьхкучу а шун вежарша боху: „Везачу Эло Шен сийлалла гойтийла, тӀаккха тхо хьовсур ду шун самукъадаларе“. Амма уьш юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу.


Цхьана гӀалахь шаьш къиза хьовзадахь, довдий, кхечу гӀала дӀагӀо. Аса баккъал боху шуьга: Исраилан махкахь мел йолу гӀаланашка шу кхаьчна довлале, Адамийн КӀант вуссур ву».


Ӏийсас элира: «ХӀара бераш тӀедахкийта Суна, царна дуьхьало ма е, хӀунда аьлча Стигалийн Олалла тӀелаьцнарш уьш санна бу».


Паччахьо Шена аьтту агӀор болчаьрга эр ду: „Сан Дас декъалдинарш, шу тӀедуьйла! Дуьне кхоьллинчу хенахь дуьйна схьа шайна кечдина, Сан Олаллехь долу дахар дӀаэца. Иза шуна деш долу совгӀат ду,


«Декъалбина бу миска са долуш болу нах – уьш, Стигалийн Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь бу.


Иза гиначу Ӏийсас, оьгӀаз а вахана, элира цаьрга: «ХӀара бераш тӀедахкийта Суна, царна дуьхьало ма е, хӀунда аьлча Делан Олалла тӀелаьцнарш уьш санна бу.


бӀозза сов лур ду цӀенош а, вежарий а, йижарий а, наной а, берашший а, латтий а. Цаьрца цхьаьна ницкъ хилар а хир ду царна, ткъа тӀейогӀучу хенахь Дела волчохь цкъа а хедар доцу дахар а хир ду.


Амма и хӀуманаш хилале, шу дӀа а лоьцур ду, лаьхкина а лелор ду. Со бахьана долуш, гуламан цӀеношкахь кхел а йина, набахте чу а духкуш, паччахьийн а, куьйгалхойн а кара дӀа а луш, лелор ду шу.


Ас олалла ло шуна, Сан Дас иза Суна ма-даллара.


Шен мурдашка а хьаьжна, Ӏийсас элира: «Дала декъала до шу, къенаш, хӀунда аьлча Делан Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь ду шу.


Дала декъаладо шу, нахана шу ца дезачу хенахь, цара шу лоьхкучу хенахь, шу сийсаздеш, цӀе бехъечу хенахь, Адамийн КӀантах шу тешна дела.


Дагахь латтаделаш Аса шайга аьлла дош: „Ялхо шен олахочул лакхара вац“. Нагахь Соьга халонаш хьегийтинехь, шуьга а хьоьгуьйтур ю. Нагахь Сан дош нийсса кхочушдеш хиллехь, шун дош а кхочушдийр ду.


Цо бохучуьнга ладуьйгӀира цара. Векалш, чу а кхайкхина, царна етта а йиттина, Ӏийсан цӀарах лаьцна кхин дийцар дехка а дихкина, дӀахийцира цара.


Шаула къобалдора Тапин вер. Цу дийнахь Ярушалаймехь Ӏийсах тешаш болчийн тобане бала хӀоттийра. ЯхӀуд-махкахула а, Шамран-махкахула а дӀасалаьхкира массо а, цхьа векалш боцурш.


Йоццачу ханна тхан хуьлучу баланаша, цкъа а йовр йоцу сийлалла яхьар ю тхуна. И сийлалла барам боцуш совъюьйлу оцу баланел.


Цхьана а хӀуманна тӀехь мостагӀех ма кхера: иза уьш хӀаллакьхиларан билгало ю царна, ткъа шуна – кӀелхьардовларан билгало ю. Ткъа и кӀелхьардовлар Делера хир ду.


Нагахь санна вай баланаш ловш делахь, Цуьнца цхьаьна паччахьалла деш а хир ду вай. Нагахь санна вай Цунах дӀакъастахь, тӀаккха Иза а вайх дӀакъаьстар ву.


Со эккхийна волуш а, ас баланаш хьоьгуш а сан леларан тидам бора ахьа. Хьуна хьайна хаьа-кх Антиохехь а, Иконехь а, Листар-гӀалахь а суна хилларг. Мел ирча баланаш лайра аса цигахь. Делахь а Везачу Эло оцу массо а халачу баланех кӀелхьарваьккхира со.


Декъалвина ву зенашна садеттарг, хӀунда аьлча иза зийначул тӀаьхьа, ял санна, хедар доцучу дахаран таж лур ду цунна Ша везачарна иза лур ду аьллачу Везачу Эло.


Собарца баланаш хьегнарш декъалбинарш лору вай. Шуна хезна Аюба лайначу халонех лаьцна. Ткъа Везачу Эло цунна эххар а динарг а хаьа шуна, хӀунда аьлча Веза Эла чӀогӀа къинхетаме а, стагах дог лозуш а ву.


Кхаим санна ма хилалаш, иза иблисан долахь а вара, цо шен ваша а вийра. Ткъа хӀунда вийра цо иза? Шен гӀуллакхаш зуламе хилла дела, ткъа цуьнан вешин гӀуллакхаш Делан лаамехь долу гӀуллакхаш хилла дела.


Шаьш лан дезар долчу цхьана а хӀуманах ма кхера. Иштта, шу зерхьама, шух цхьадерш иблисо набахти чу даладойтур ду. ТӀаккха иттех дийнахь баланаш ловр бу аша. Шаьш делла дӀадовллалц тешаш хилалаш, тӀаккха Толаман таж санна, Аса шуна хедар доцу дахар лур ду.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios