Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 4:9 - Делан Йозанаш

9 «И Хьуна гуш мел дерг аса Хьуна дӀалур ду, Ахьа суна, Далла санна, гора а хӀоьттина, Ӏибадат дахь!»

Ver Capítulo Copiar




Маттай 4:9
21 Referencias Cruzadas  

Цо олу: «Далла и муха хуур ду? Веза Воккхачунна иза хуийла а дуй те?»


Сан гӀоьнца паччахьаша шайн паччахьалла до, соьгахула куьйгалхоша нийсадерг билгалдоккху.


ХӀокху лаьтта тӀехь долу адамийн дахар хӀумма а доцург ду. Стигаларчу ницкъашна а, лаьтта тӀехь бехачарна тӀехь а Шена луъург деш ву Иза. Вац-кх цхьа а Цунна дуьхьало ян ницкъ болуш, я „Ахь хӀун дина?“ – аьлла, Цуьнга вистхила бакъо йолуш.


элира: «Суна хӀун лур ю аша, аса Иза шайна дӀалахь?» Цара ткъе итт дети ахча лур ду шаьш элира.


Ӏийсас элира: «ДӀадала Суна уллора, иблис! Делан Йозанаш тӀехь яздина ду: „Хьайн Везачу Далла бен ма де Ӏибадат, Цунна бен гӀуллакх а ма де!“»


ХӀинца кху дуьненна кхел хуьлуш ю. Кху дуьненан эла дӀаэккхор ву хӀинца.


Ткъа Ӏийса хууш вара стигалшкара Шен Дас дерриг а Шен кара деллий а, Ша Делера схьаваьллий а, хӀинца Далла тӀевоьдий а.


Кхин деха дийр дац Ас шуьца къамел, хӀунда аьлча кху дуьненан эла схьавогӀу, ткъа цуьнан Суна тӀехь олалла дац.


Ткъа цу Делан Сино гойтур ду Делан кхелах лаьцна дуьне тиладелла хилар, хӀунда аьлча кху дуьненан элана кхел йина.


Бакъволчу Делах ца тешачеран хьекъал бӀарздина кху дуьненан харцдала, Делан вастехь волчу Дала леррина Къобалвинчун сийлаллех лаьцна болчу хазачу кхоан серло царна ца гайтархьама.


Ӏийсах тешна дукха хан йоцучу божарех хила ца веза иза, цуьнан даг чу куралла а йоьссина, иблисана санна, иза кхел йина ца хилийтархьама.


Со цуьнан когашка вуьйжира, цунна хьалха Ӏибадат дан дагахь, амма малико соьга элира: «Варелахь, и ма делахь! Со а ду Далла гӀуллакх деш дерг, хьо а, Ӏийсах лаьцна долу тоьшалла лардеш болу хьан вежарий а санна. Далла бен ма де Ӏибадат! ХӀунда аьлча Делера болчу хаамийн дух Ӏийсах лаьцна долу тоьшалла ду».


Цуьнан духар тӀехь а, хаьн тӀехь а язйина иштта цӀе ю: «Паччахьийн а Паччахь, олахойн а Олахо».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios