8 ТӀаккха иблисо валийра Ӏийса боккхачу лам тӀе. Цу буьххьера цо гайтира кху дуьненахь мел йолу пачхьалкхаш а, церан исбаьхьа хилар а.
И той чӀогӀа деха лаьттира: бӀе дезткъа дийнахь. Ахьаш-Варуша шен пачхьалкхан хьал а, цуьнан исбаьхьа хазалла а дӀагойтура хьешашна.
ХӀаман дозаллаш дан волавелира, шен боккха бахам а, шен кӀентий а буьйцуш. Цо иштта дозаллица дуьйцура паччахьо ша кхечу элашна а, ялхошна а хьалха къасторх лаьцна а, иштта шена деллачу даржах лаьцна а.
Набухди-Нецарна тӀехь и дош цу сохьта кхочушхилира. Адамех дӀакъастийра иза. Бежано санна, бецаш юура цо. Цуьнан дегӀ стигалара тхино тӀундора. Цуьнан чоьш дахделлера, аьрзун пелагаш санна. Цуьнан, олхазаран санна, мӀараш яра».
БалиӀама Балакхе элира: «Хьо хьайн дийнаташ дагоран сагӀина уллохь Ӏе, ткъа со кхечу метте дехьавер ву. Веза Эла суна дуьхьалван тарло. Цо суна мел гайтинарг Аса хьоьга дӀаэр ду». БалиӀам ерзинчу лакхенна тӀе вахара.
ХӀун до кху дуьненах, нагахь санна цо шен са дайинехь? ХӀун до дерриг а дуьненах, нагахь стага шен са дайина хилча?
ТӀаккха иблисо, Ӏийса езачу Ярушалайм-гӀала а вигина, Делан цӀийнан тхов буьххье хьалаваьккхира.
Дена Шен КӀант веза, цундела Ша мел дийриг дерриг а гойту Дас КӀантана. Шу цец а дохуш, кхин а сов гӀуллакхаш гойтур ду Дас Цунна.
ХӀунда аьлча аьлла ду: «ХӀора адам буц санна ду, цуьнан хазалла арарчу зезагийн санна ю. Буц а якъало, зезаг а маргӀалдулу,
ВорхӀалгӀачу малико а Шен карара турба лекхира. ТӀаккха стигалахь чӀогӀа аьзнаш девлира. Цара бохура: «Дерриг а дуьнен тӀера пачхьалкх хӀинца дуьйна вайн Везачу Элан а, Цо леррина Къобалвинчун а карахь ю. Цо ерриг а тӀейогӀучу заманна паччахьалла дийр ду».