7 Ӏийсас цунна жоп делира: «Амма яздина ду: „Хьайн Веза Дела зе ма гӀерта“».
Цо уьш Ӏаьржачу боданера арабехира, церан буржалш доха а дина.
Везачу Эло Шен возалла гойтучу хенахь Цунна суждане гӀойша. Дерриг а дуьне, дегаде Цунна хьалха!
Мусана дуьхьал а бевлла, цуьнга бехкаш дохуш, шайна хи ло бохура цара. «Со хӀунда хьийзаво аша? Везачу Элан собар кхачо а хӀунда гӀерта шу?» – бохура Мусас нахе.
Цу меттиган цӀе Масса а, Мериба а тиллира цо (церан маьӀна «зер» а, «лер» а бохург ду), хӀунда аьлча цигахь исраилхой, Везачу Элана дуьхьал а бевлла, Цунна луьйш а, Иза зуьйш а бара: «Веза Эла тхоьца ву я вац?» – бохуш.
Сан хьехамна а, тоьшаллина а догӀучуьнга бен ла ма догӀа. Оцу наха дуьйцург Делан дашца ма ца догӀу – церан Делан нур дац!
Вайна моттарехь кураберш ирс долуш бу. Иштта, харцонаш лелораш беркатехь Ӏаш бу, ткъа Дела зуьйш берш а дийна буьсуш бу“».
Сан олаллин нур а, Ас Мисарахь а, яьссачу арахь а гайтина билгалонаш а гина, уьттазза Со а зийна, Соьга ла ца доьгӀначу нахана,
Цара Ӏийсага хаьттира: «Хьуна хезий цара бохург?» Ӏийсас жоп делира: «Хеза. Аша цкъа а ца дешна: „Кегийчу берийн а, декхаш долчу берийн а багахула бойтур бу Ахьа хастамаш“?»
Ӏийсас цаьрга элира: «Аша ца дешна Делан Йозанашна тӀехь дерг: „ГӀишло еш пхьераша дӀакхоьссина тӀулг цӀийнан сонан йистехь коьрта тӀулг хилла, дӀахӀоьттина. Иза Везачу Эло дина ду, вайна гергахь и чӀогӀа инзаре а ду!“
Ӏийсас элира: «ДӀадала Суна уллора, иблис! Делан Йозанаш тӀехь яздина ду: „Хьайн Везачу Далла бен ма де Ӏибадат, Цунна бен гӀуллакх а ма де!“»
Ӏийсас жоп делира: «Делан Йозанна тӀехь ма ду: „Адам деккъа цхьана баьпках дехаш дац. Цуьнан вузар – Делан багара схьадаьлла хӀора дош ду“».
Амма Ӏийсас цунна жоп делира: «„Хьайн Веза Дела зе ма гӀерта“, – аьлла, яздина ду».
Ткъа хӀинца хӀунда зоь Дела, вайн дайшка а, вайга а бахьа ца белла мохь мурдийн яьӀнаш тӀе а биллина?
Кипас элира цуьнга: «Муха даьхьира шуьшиъ бартбан Делан Са зерхьама? НеӀарехь когийн тата хезий хьуна? Хьан майра дӀа а воьллина, чубогӀу нах бу хьуна уьш. Хьо а дӀахьур ю хьуна цара».
Дела зе а гӀоьртина, лаьхьарчаша байина болу царах цхьаберш санна, вай а ма гӀерта Дала леррина Къобалвинарг зе.
Шайн Веза Дела зен ма гӀерта, шаьш Массехь иза ма-дарра.
Шун дайша Со зийра цигахь, шовзткъа шарахь Аса мел динарг шайна гиннашехь.