Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 4:5 - Делан Йозанаш

5 ТӀаккха иблисо, Ӏийса езачу Ярушалайм-гӀала а вигина, Делан цӀийнан тхов буьххье хьалаваьккхира.

Ver Capítulo Copiar




Маттай 4:5
11 Referencias Cruzadas  

ЦӀийнан шораллехь цунна хьалха йина уче яра, ткъа дол шуьйра а, бӀе ткъа дол лекха а йолуш. И уче чухула цӀена деши диллина йинера.


Исраилан халкъан баьччанаш Ярушалаймехь баха охьахевшира. Халкъах кхиболчара кхаж таса безаш бара, халкъах долу уьтталгӀа дакъа схьакъасторхьама. И схьакъастийнарш езачу гӀалахь Ярушалаймехь баха ховша безара. Ткъа тӀаьхьадисина долу къоман исс дакъа шайн-шайн гӀаланашкахь даха диса тарлора.


Езачу Ярушалайм-гӀалахь волу массо а левихо ши бӀе везткъе виъ стаг хилла.


Аша шаьш езачу гӀалех схьадевлла а, Шен цӀе массо а ницкъийн Веза Эла йолчу, Исраилан халкъан Везачу Делах дозуш ду а боху.


ГӀаттахьа Цийон, гӀаттахьа! Ницкъ хьайна тӀебухахьа! Ва Ярушалайм, ва еза гӀала, хьайн исбаьхьа бедарш тӀеюхахьа! Сунтваза верг а, боьха верг а кхин вогӀур вац хьуна чу.


Хьалдолу Эла! Хьайн йоллучу нийсонга хьаьжжина, дӀайоккхийла Ахь Хьайн оьгӀазалла а, дералла а Хьайн Ярушалайм-гӀалина тӀера. Иза Хьан гӀала а, Ахь базбина лам а ма бу! Оха летийна къинош а, тхан дайн талхар а бахьана долуш, гонах болчара массара а Ярушалайм-гӀалин а, Хьан халкъан а сий дайина.


Кхузткъе уьттазза ворхӀ-ворхӀ хан-зама билгалъяьккхина хьан халкъана а, хьан езачу гӀалина а зуламаш чекхдаха а, харцонийн чаккхенна тӀе мухӀар тоха а, къинош дӀадаха а, даим нийсо латтийта а, хӀуьтту суьрташ а, пайхамарша дийцинарш а чӀагӀдайта а, уггар Дезаниг къобалдайта а.


Ӏийса денвеллачул тӀаьхьа, уьш, шайн къуббанаш чуьра ара а бевлла, яхӀудхоша сийлахь-еза лоруш йолчу Ярушалайм-гӀалина чу бахара, уьш дуккха а болчу нахана ган а гира.


Иблисо Ӏийса Ярушалайме а вигина, Делан цӀийнан тхов буьххье хьалаваьккхира. «Хьо Делан КӀант велахь, – элира иблисо, – кхузара чукхоссало.


Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Суна тӀехь цхьана а тайпана олалла хир дацара хьан, хьуна иза лакхара делла дацахьара. Ткъа цундела Со хьоьга дӀавеллачунна тӀехь кхин а сов къа ду».


Ткъа Делан цӀенна арахула йолу керт царна юкъа ма ялае, иза юста а ма юста, хӀунда аьлча и кхечу къаьмнашна дӀаелла ю. Цара шовзткъе шина баттахь и еза гӀала хьоьшур ю.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios