4 Ӏийсас жоп делира: «Делан Йозанна тӀехь ма ду: „Адам деккъа цхьана баьпках дехаш дац. Цуьнан вузар – Делан багара схьадаьлла хӀора дош ду“».
Уьш гинчу исраилхоша вовшашка хоьттура: «И хӀун ю?» – бохуш. Царна ца хаьара иза хӀун ю. Мусас элира цаьрга: «Иза Везачу Эло шуна делла ялта ду.
Исраилхоша шовзткъа шарахь йиира «манна», шаьш тӀехь Ӏен долчу лаьтта тӀе а, КанаӀан-мехкан дозанна тӀе а кхаччалц.
Юха Мусас кхин а элира: «Везачу Элана хезна Шена шу резацахилар, цундела Цо сарахь даа жижиг лур ду шуна, ткъа Ӏуьйранна бепиг а лур ду. Сан а, АхӀаронан а карахь хӀумма а дац! Шу резацахилар тхойшинна дуьхьал дац, Везачу Элана дуьхьал ду».
Совсазчу баьпкан дезде ларде: Ас хьайна тӀе-ма-диллара, ворхӀ дийнахь совсаза бепиг даа Авив беттан билггалчу хенахь, хӀунда аьлча цу хенахь шу Мисарара арадевлла. СагӀа даккхаза цхьа а Суна хьалха ма хӀотта.
стеган багахула чудоьдуш долчу хӀумано Далла гергахь иза бех ца во, цу багахула арадолучо бен».
Ӏийсас элира: «ДӀадала Суна уллора, иблис! Делан Йозанаш тӀехь яздина ду: „Хьайн Везачу Далла бен ма де Ӏибадат, Цунна бен гӀуллакх а ма де!“»
Ӏийсас цунна жоп делира: «Амма яздина ду: „Хьайн Веза Дела зе ма гӀерта“».
Кхин а тӀетоьхна элира Цо: «Ткъа адамна чуьра арадолучо иза Далла гергахь бехво.
Амма Ӏийсас цунна жоп делира: «„Хьайн Веза Дела зе ма гӀерта“, – аьлла, яздина ду».
Ӏийсас жоп делира: «„Адам деккъа цхьана баьпках дехаш дац“, – аьлла, яздина ду».
Амма Ӏийсас элира: «Яздина ду: „Везачу Далла бен ма де Ӏибадат, Цунна бен гӀуллакх а ма де!“»
Ас воуьйтур ву шуна Сайн Дегара гӀо Дийриг – Дегара схьадолу бакъдерг гойту Са доуьйтур ду шуна. Цо, деача, тоьшалла дийр ду Сох.
Делан Сино дахар ло, ткъа адаман дилханах цхьа а пайда бац. Ас шуьга аьллачу дешнашна чохь са а, дахар а доллу.
Ткъа хьалха яздина мел долу хӀума вайна хьехамна яздина ду, Делан Йозанаша вайна лучу доьналлица а, иракарахӀитторца а вешан сатийсар хилийтархьама.
КӀелхьардовларан гӀем а схьаэца. Делан Синан тур а схьаэца – иза Делан дош ду.
Цо шу шаьш-шайна кӀезиг хоьтуьйтуш къардалийтира, мацалла хӀоттийна, гӀелдира, стигалара манна олу кхача белира шуна, шуна а, шун дайшна а хӀун ю а хиъна йоцу. Иза дира Цо шуна дӀагайтархьама, адам деккъа цхьана баьпках дехаш доцийла, амма Везачу Элан багара схьадолучу хӀора дашца дехаш дуйла.