2 Шовзткъа де-буьйса марха кхобуш дӀадаьлча, Иза чӀогӀа мацвелла хьаьвзира.
Эли-ЯхӀус, хьала а гӀаьттина, хӀума а йиира, хи а мелира. Шена тӀедеанчу гӀоранца Эли-ЯхӀус шовзткъа дийнахь а, буса а некъ бира, Хьариб цӀе йолчу Делан ломана тӀекхаччалц.
Муса, мархи юккъе а ваьлла, кхин а лакха хьалавелира лам тӀехула. Шовзткъа дийнахь а, буса а Ӏийра иза лам тӀехь.
Мусас Веза Эла волчохь шовзткъа де а, шовзткъа буьйса а яьккхира. Цу хенахь цо яа хӀума а ца йиира, хи а ца мелира. ТӀулган экъанаш тӀехь бартбаран дешнаш дӀаяздира цо: Делера болу итт хьехам.
Ӏуьйранна гӀала юхавогӀучу хенахь Ӏийса мацвеллера.
хӀунда аьлча Со меца волчу хенахь аша Суна яа хӀума елира, Со хьогах волчу хенахь аша Суна мала хи делира. Со араваьлла лелачу хенахь аша Со тӀеийцира.
ХӀунда аьлча Со меца волчу хенахь аша яа хӀума ца елира, Со хьогах волчу хенахь мала хи ца делира.
ШолгӀачу дийнахь хӀорш Бет-ХӀинера схьабевллачу хенахь Ӏийса мацвеллера.
Цо шовзткъа де-буьйса даьккхира цу меттехь. Оцу шовзткъа дийнахь-бусий Иза волчохь иблис дара, ХӀара зуьйш. Ерриг и хан йоккхуш Ӏийсас хӀума ца йиънера. Эххар а мацвеллера Иза.
Цигахь Якъуба яьккхина гӀу яра. Иштта, некъ а бина, кӀад а велла, оцу гӀуна уллохь хиъна Ӏаш вара Ӏийса. Иза де юккъе дахана хан яра.
Ас церан вежаршна юкъара хьо санна волу Пайхамар лур ву царна. Бийца мотт лур бу Ас Цунна, тӀаккха Ас Шена тӀедиллинарг нахе дӀаэр ду Цо.
«Везачу Элана суждане а вахана, хьалха санна шовзткъа де-буьйса даьккхира ас. Со юуш а, молуш а вацара, аша летийна къинош бахьана долуш. Уьш а летийна, шайн Везачу Далла хьалха вон а дина аша, Иза оьгӀаз а вахийтина аша.
Иштта, Везачу Элана хьалха суждане а вахана, шовзткъа де-буьйса даьккхира ас, хӀунда аьлча Везачу Эло аьллера, Ша шу хӀаллакдийр ду.
Везачу Эло шуьца бина барт тӀеязбина йолу тӀулган экъанаш схьаэца со лам тӀе хьалаваьлча, ас цигахь шовзткъа де-буьйса даьккхира, бепиг а ца дууш, хи а ца молуш.