Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 4:12 - Делан Йозанаш

12 Яхьъя набахти чу воьллина аьлла Шена хезча, Ӏийса Галилай-махка юхавирзира.

Ver Capítulo Copiar




Маттай 4:12
13 Referencias Cruzadas  

Ӏийсас лелош долчух лаьцна шена хезча, набахти чохь воллуш волчу Яхьъяс шен мурдаш бахийтира


И де тӀекхачале дикка хьалха ХӀарод-паччахьо Яхьъя, схьа а лаьцна, буржалш а тоьхна, набахти чу кхоьссина хилла. Цо иза шен вешин Пилапан зуда ХӀародад бахьана долуш дина хилла.


Яхьъя, схьа а лаьцна, чувоьллинчул тӀаьхьа, хаза кхаъ кхайкхош, Ӏийса Галилай-махка вахара.


ХӀарода, шена йигна йолу, шен вешин Пилапан зуда ХӀародад бахьана долуш, омра динера, Яхьъя, схьа а лаций, набахти чу волла аьлла.


Амма цара юх-юха а бохура: «Шен хьехамашца халкъ берриг а ЯхӀуд-махкахь меттахдаьккхина Кхо. Вола Галилайхь волавелла, ткъа хӀинца кхуза а кхаьчна».


ХӀарода шегара девллачу зуламашна тӀе кхин цхьаъ а туьйхира: цо Яхьъя чувоьллира.


Ӏийса, Делан Синан ницкъ Шеца болуш, Галилай-махка юхавеара. Цунах лаьцна берриг махкахь дуьйцуш дара.


Галилай-махкарчу Къапарнам цӀе йолчу гӀала веара Ӏийса. Далла леринчу шоьтан дийнахь нахана хьехамаш бора Цо.


ШолгӀачу дийнахь Ӏийсана Галилай-махка ваха лиира. Ӏийсас, Пилап схьа а лехна, цуьнга элира: «Суна тӀаьхьахӀотта».


Иштта Галилай-махкара Кхана олучу юьртахь дӀадолийра Ӏийсас тамашийначу гӀуллакхийн билгалонаш гайтар. Шен Делера болу олаллин ницкъ гайтира Цо, тӀаккха тийшира Ӏийсах Цуьнан мурдаш.


хӀунда аьлча цу хенахь Яхьъя хӀинца а набахти чу воллаза вара.


И ши де чекхдаьлча, Ӏийса, цигара ара а ваьлла, Галилай-махка вахара.


Иштта, Ша ЯхӀуд-махкара Галилай-махка веача, шолгӀа а тамашийначу гӀуллакхийн билгало гайтира Ӏийсас.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios