Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 4:11 - Делан Йозанаш

11 Иблис Ӏийсана тӀаьхьара дӀадаьлча, Иза волчу маликаш схьагулделира, Цунна гӀуллакх а деш.

Ver Capítulo Copiar




Маттай 4:11
13 Referencias Cruzadas  

Эли-ЯхӀу дӀахьаьжча, цунна шен коьртехь Ӏуьллучу тӀулга тӀехь беттина хьокхам а, чохь хи долу кхаба а гира. Бепиг а диъна, хи а мелла, юха а наб кхийтира цунна.


Сайн Дега орца ца даккхалуш ву-м ца моьтту хьуна Со? Аса Шега хаам бинчу сахьтехь Цо маликийн шийтта сов эскар Суна гӀоьнна доуьйтур дац моьтту хьуна?


«Хьо Делан КӀант велахь, – элира цо, – кхузара чукхоссало. Яздина ма ду: „Везачу Эло Шен маликашка Хьох лаьцна омра дийр ду“. Кхин а яздина ду: „Цара куьйгаш тӀехь дӀахьур ву хьо, хьан ког тӀулгах а ца тасаболуьйтуш“».


Цигахь иблисо зуьйш, шовзткъа де даьккхира Ӏийсас. Акхарошна юкъахь Ӏаш вара Иза, маликаша Цунна гӀуллакх а деш.


Стигалара деанчу малико дог чӀагӀдира Цуьнан.


ХӀора дийнахь шайца Со Делан цӀийнан кертахь волуш, Суна тӀе куьг ма ца ойура аш. Амма хӀинца ерг шун хан ю, иблисан бодане ницкъ баьржина хан».


Ӏийса зийна а даьлла, иблис дӀадахара, юха шен аьтто баллалц.


Кхин деха дийр дац Ас шуьца къамел, хӀунда аьлча кху дуьненан эла схьавогӀу, ткъа цуьнан Суна тӀехь олалла дац.


Къийса ца дезаш, динах йовзийтина къайле чӀогӀа йоккха ю: Иза адаман дегӀехь гучуваьккхина, Делан Сино бакъвина, маликашна Иза гина, къаьмнашна юкъахь дӀакхайкхийна, дуьненахь адамаш Цунах тешна, сийлаллехь Иза хьалаваьккхина.


Далла гӀуллакх деш долу синош дац ткъа маликаш, кӀелхьардовлар кхочун долчарна гӀуллакх дан дахкийтина дац ткъа уьш?


Шен дуьххьарлера Доьзалхо дуьнен чу воккхуш, Дала элира: «Делан массо а маликаш Цунна хьалха охьатаьӀийла».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios