Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 4:10 - Делан Йозанаш

10 Ӏийсас элира: «ДӀадала Суна уллора, иблис! Делан Йозанаш тӀехь яздина ду: „Хьайн Везачу Далла бен ма де Ӏибадат, Цунна бен гӀуллакх а ма де!“»

Ver Capítulo Copiar




Маттай 4:10
30 Referencias Cruzadas  

Иблис Исраилан халкъана дуьхьалделира. Цо Даудана исраилхой багарбан дагадаийтира.


ТӀаккха Везачу Эло шайтӀане аьлла: «Дика ду, цуьнан мел долу хӀума хьан карахь ду, амма цунах куьг ма Ӏотта». ШайтӀа Веза Эла волчуьра дӀадахара.


ТӀедеана стигалара гуламан декъашхой Везачу Элана хьалха дӀахӀутту де. Цаьрца цхьаьна шайтӀа а деъна.


Юха а Стигаларчу гуламан декъашхой Везачу Элана хьалха дӀахӀиттира. Царна юкъахь шайтӀа а дара.


Цу дийнахь халкъашна тӀехь кхел а йийр ю Цо. Ткъа латта декъех дузур ду Цо. Лаьттара массо баьччанаш а хӀаллакбийр бу Цо.


Суна, шайн Везачу Далла, Ӏамал е. Шу иштта лелахь, Ас декъалдийр ду шун бепиг а, хи а, шуна тӀера цамгарш дӀа а йохур ю.


ТӀаккха аша детица кхелина болу шайн цӀуш а, дешица кечдина долу суьрташ а кхиссина дӀадохуьйтур ду, боьха нехаш санна: «Яхийта кхузара!» – аьлла.


Кипига юха а вирзина, Цо элира: «ДӀадала Суна уллора, иблис! Ахьа Суна новкъарло йо, хьан даг чохь Делан ойланаш яц, адамийн ойланаш ю».


Цигахь иблисо зуьйш, шовзткъа де даьккхира Ӏийсас. Акхарошна юкъахь Ӏаш вара Иза, маликаша Цунна гӀуллакх а деш.


Ӏийсас элира: «Иза бакъ ду, Суна хааделира стигалара, гӀорасиза а хилла, стелахаьштиг санна, чудеана иблис.


Нагахь иблис шена гонах болчаьрца бертахь дацахь, муха лаьттар ду цуьнан олалла? Ас и шуьга боху, БаӀал-Зебулан ницкъаца Ас жинаш дӀадоху бохуш, аш кхайкхадо дела.


БерхӀитта шарахь иблисо йихкина латтийна ИбрахӀиман тӀаьхьенах йолу хӀара зуда Далла леринчу дийнахь шен буржалех паргӀатъяла мегаш яц?» – аьлла.


ТӀаккха ЯхӀудана-Искархочунна чу иблис дуьйлира. ЯхӀуд Ӏийсан шийтта векалх цхьаъ вара.


Везачу Эло элира: «Ва ШамӀа! Иблис шу, кӀа санна, дӀасакхийсина хила лууш ду,


Амма Ӏийсас элира: «Яздина ду: „Везачу Далла бен ма де Ӏибадат, Цунна бен гӀуллакх а ма де!“»


ЯхӀуда и баьпкан юьхк схьа-ма-ийцци, цу сахьттехь, цунна чу иблис дуьйлира. ТӀаккха Ӏийсас элира ЯхӀуде: «И хьо дан воллург сихха дей вала».


Церан бӀаьргаш схьадиллина, боданера серлоне а баьхна, иблисан олаллина тӀера Далла тӀеберзор бу ахь уьш, царна гечдар хилийтархьама а, Сох болу тешам бахьана долуш, Делан базбинчу нахана юкъахь церан меттиг хилархьама а“».


Кипас элира цуьнга: «Хьанас, мича бахьанина йиллина иблисо хьан даг чу ойла, Делан Синна аьшпаш а боьттина, айхьа, латта а доьхкина, схьаэцначу ахчанах цхьа дакъа хьайна дита аьлла?


цу тайпана верг иблисан кара дӀало, цуьнан синан лаамаш хӀаллак а байтина, Везачу Элан дийнахь цуьнан са кӀелхьардалийтархьама.


Вовшашца бинчу бартаца шаьш доӀа дан лоруш билгалъяьккхинчу ханна бен, вовшех ма къахка. Цул тӀаьхьа юха а цхьаьна хила, шун собар цахиларехула иблисе шаьш ца зейтархьама.


Иза инзарвала хӀума дац, хӀунда аьлча иблисо ша а моттуьйту ша серлонан малик ду.


Делера долу даккхий дӀаделладаларш бахьана долуш со кура ца валийта, сан дегӀах цхьа кӀохцал дахийтинера: со хьийзорхьама, иблисан геланча ваийтинера!


иблисе цхьана а тайпанчу мекарлонца шуна тӀехь толам ца баккхийтархьама. Вайна-м цуьнан лаамаш бевзаш ма бу.


Шайн Везачу Деле ларамах дуьзна хилалаш, Цунна цхьанна гӀуллакх делаш. Цуьнгахьа дирзина хилалаш, Цуьнан цӀарах бен дуйнаш ма баалаш.


Цундела Далла муьтӀахь хила, иблисана дуьхьалдовла, тӀаккха иза шух додур ду.


КхидӀа ЮшаӀа элира: «Везачу Элах кхера а кхоьруш, цӀена а, даггара а Цунна Ӏамал е. Эпрат-хил дехьа а, Мисарахь а Ӏачу хенахь шайн дайша Ӏамал йина деланаш дӀа а тасий, Везачу Элана бен Ӏамал ма е.


Цунна дуьхьало е, Делах шайн тешар чӀагӀде. Хаалаш, дерриг а дуьнен чохь шун вежарий, шу санна, баланаш ловш бу.


Шамъала дерриге а Исраилан халкъе элира: «Шу доггах Везачу Элана тӀедерзахь, аша кхечу къаьмнийн деланаш шайн дага чуьра дӀабаха беза. Аша Ӏаштарт цӀе йолчу далла бина болу цӀуш дӀабаха беза. Шайн дегнашца шу Везачу Элана тӀедерза, Цунна цхьанна гӀуллакх а де. ТӀаккха Цо шу пӀелаштамхойн баланех кӀелхьардохур ду».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios