Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 4:1 - Делан Йозанаш

1 Цул тӀаьхьа Делан Сино Ӏийса яьссачу аренга дӀавигира, иблисе Иза зейта.

Ver Capítulo Copiar




Маттай 4:1
18 Referencias Cruzadas  

ХӀинца дуьйна, хьуна а, зудчунна а юкъахь а, хьан тӀаьхьенна а, цуьнан тӀаьхьенна а юкъахь а мостагӀалла хир ду. Зудчун тӀаьхьено хьан коьртах чов йийр ю, ткъа ахьа цуьнан когах чов йийр ю».


Хьо волчуьра и ала со дӀаваханчу хенахь, Везачу Элан Сино суна хуур а доцучу цхьанхьа хьо дӀавига ма тарло. ТӀаккха аса Ахьаб-паччахье хьох лаьцна хаам а бича, ткъа хьо кара а ца вича, цо со вуьйр ма ву. Хьан лай волу со-х жимчохь дуьйна а Деле болчу ларамах вуьзна ма вара.


Цара ЭлишаӀе элира: «Хьажахьа, хьан ялхой долчу тхуна юкъахь доьналла долу шовзткъе итт стаг ву. Бахийтахьа уьш хьайн олахо схьалаха. Везачу Элан Сино цхьана лома тӀехь я тогӀи чохь охьавиллина хир ву иза». «Ца оьшу. Ма бахийта», – элира ЭлишаӀа.


Делан Сино со, хьала а айина, Делан цӀийнан малхбалехьа долчу кевнна улло схьавалийра. Цигахь суна ткъе пхиъ стаг гира. Царна юкъахь халкъан куьйгалхой болу Ӏазуран кӀант Яъзан-ЯхӀу а, БенъяхӀун кӀант Палти-ЯхӀу а вара.


Ша хӀоттийначу суьртехь Делан Сино со, хьала а айина, Бавел-махка юхавалийра, Исраил-махкара йийсаре дӀабигначу нахана тӀе. ТӀаккха и сурт соьгара дӀаделира.


ТӀаккха со Делан Сино хьалаайира. Сайн букъ тӀехьа суна чӀогӀачу гӀовгӀанан аз хезира. Оцу озо олура: «Ша Ӏаш волчу меттехь Везачу Элан сийлаллина хастам хуьлда!»


Делан Сино со, хьала а айина, дӀаваьхьира. Догдоьхна, са карзахдаьлла вара со. Везачу Элан куьг дара суна тӀехь чӀоггӀа лаьтташ.


Дала хӀиттийначу суьрташкахь Цо со Исраил-махка а валийна, вуно лекхачу лам тӀе дӀахӀоттийра. Ткъа цу лам тӀехь къилбехьа йолчу агӀонгахь гӀала йолуш санна цхьа гӀишлош хеталора.


ТӀаккха со, Сино хьала а айина, чоьхьарчу керта ваьккхира. Суна гира, Везачу Элан сийлалло дерриг а Делан цӀа хьаладуьзна хилар.


Куьг санна йолу меже схьа а кховдийна, Цо сан коьртара месаш схьалецира. ТӀаккха Делан Сино со лаьттаний, стигаланий юккъе хьалаайира. Дала хӀиттийначу суьрташкахь Цо со Ярушалайм-гӀала, Делан цӀенна къилбаседехьа йолчу чоьхьарчу кертан кевнна улло, дӀавигира, эмгаралла хуьлуьйту цӀу лаьтташ волчу.


Кхин деха дийр дац Ас шуьца къамел, хӀунда аьлча кху дуьненан эла схьавогӀу, ткъа цуьнан Суна тӀехь олалла дац.


Уьш хи чуьра хьалабевлча, Везачу Элан Сино Пилап цигара цӀеххьана дӀаийцира, ваьӀначунна иза кхин ца гира. Самукъа а долуш, шен некъ кхин дӀа а бира эфиопхочо.


ХӀунда аьлча Делан Сино лелош дерш Делан бераш ду.


Ша, зен а зийна, баланаш хьегна дела, зуьйш болчарна гӀо далур ду Цуьнга.


Амма хӀора а шен харц лаамаша зуьйш ву, цара иза, Ӏеха а вой, дӀалоцу.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios