Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 3:9 - Делан Йозанаш

9 „Тхан да ИбрахӀим ву“, – аьлча, шаьш кӀелхьардевр ду ма мотталаш. Делан таро ю оцу Ӏохкучу тӀулгех а ИбрахӀимна тӀаьхье ян.

Ver Capítulo Copiar




Маттай 3:9
22 Referencias Cruzadas  

«Адаман кӀант! Исраил-мехкан дакъазадаьккхинчу лаьтта тӀехь Ӏаш болчара боху: „ИбрахӀим ша цхьаъ вара Дала цунна хӀара латта дӀалучу хенахь. Ткъа хӀинца тхо дуккха а ду, цундела хӀара латта тхуна, тхайн долахь долуш санна, схьаделла ду“.


ХӀунда аьлча кийрара адамийн дегнаш чуьра ца оьшу вон ойланаш а арайовлу, нахаца лелар а, къола дар а, вер а,


„Ас хӀун дан деза? – ойла йина цо. – Сан хӀара ялта чудилла меттиг ма яц“.


Мохь а тухуш, дехар дина хьолахочо: „Ва сан да ИбрахӀим! Къинхетам бехьа сох. ЛаӀзар ваийтахьа, шен пӀелг хи чу а Ӏоьттина, сан мотт шелбайта, хӀокху цӀергахь чӀогӀа холчохь ву-кх со!“ – аьлла.


Цо жоп делира царна: «Билггала боху шуьга: нагахь уьш совцахь, тӀулгаша а маьхьарий деттар ду».


Шу Далла тӀедирзина делахь, шайн дахарехь иза гайта. „Тхан да ИбрахӀим ву“, – алий, тоам ма бе. Ас боху шуьга, Делан таро ю оцу Ӏохкучу тӀулгех а ИбрахӀимна тӀаьхье ян.


Амма Ӏийсас, церан дог-ойла хууш, элира: «Иштта ойланаш хӀунда йо аш?


И гина, Ӏийса хьошалгӀа кхайкхинчу парушхочо шен дагахь ойла йира: «Нагахь санна и стаг пайхамар велахь, Цунна хьалхе дуьйна хиъна хир ду-кх, Шех куьйгаш Ӏуьттуш йолу зуда къинош летийна юйла».


Ткъа цара жоп делира Ӏийсага: «Тхо ИбрахӀиман хӀух а ду, тхо цкъа а цхьанна а леш ца хилла. Ахь муха боху и: „Шу паргӀатдевр ду“?»


Суна хаьа шу ИбрахӀиман хӀух дуйла, амма шу Со вен дагахь ду, Сан дош шайна чу ца тарло дела.


Баккъалла-м вац те Хьо тхан веллачу дел ИбрахӀимал а воккха? Ткъа пайхамарш а белла. Хьайх мила ву олу Ахьа?»


Вежарий, ИбрахӀиман бераш, шу а, Делах кхоьру хийрачу мехкашкара дерш, и кӀелхьардовларх болу кхаъ вайна баийтина бара!


ШамӀа-Кипас дийцина вайна Дала юьхьанца кхечу къаьмнийн нехан гӀайгӀа барх а, царна юкъара Шена нах харжарх а лаьцна.


Вайн дайн да волчу ИбрахӀимах лаьцна хӀун эр дара вай? Далла хьалха нах бакъбарх хӀун Ӏемина цунна?


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios