8 Шу Далла тӀедирзина делахь, шайн дахарехь иза гайта.
Нисде шайн некъаш а, шайн гӀуллакхаш а, ткъа шайн Везачу Дала бохучуьнга ладогӀа. ТӀаккха Цо, дохко а ваьлла, Ша аьлла болу бохам шуна бийр бацара.
ЯхӀудан къомана дӀахаза а мега, Ас царна мел бан леринчу бохамах лаьцна, тӀаккха шаьш лелош долчу вочу некъаш тӀера дӀабовла а тарлора уьш. Иза иштта хилча, Ас церан массо а къиношна а, зуламашна а гечдийр дара».
ХӀунда аьлча Яхьъя шу долчу Делан лаамехь болчу новкъахула веара, амма шу цунах ца тийшира. Ял гулъешберш а, хьарам новкъахула лелаш болу зударий а цунах тийшира. Амма шу, шайна дерриг а гиначул тӀаьхьа а, метта ца даьхкира цунах тешархьама».
Шу Далла тӀедирзина делахь, шайн дахарехь иза гайта. „Тхан да ИбрахӀим ву“, – алий, тоам ма бе. Ас боху шуьга, Делан таро ю оцу Ӏохкучу тӀулгех а ИбрахӀимна тӀаьхье ян.
Со кхайкхам бан волавелира цкъа хьалха Дамасакхехь а, Ярушалаймехь а, берриг а ЯхӀуд-махкахь а, юха кхечу къаьмнийн нахана юкъахь, уьш дохко а бевлла, Далла тӀе берзийтархьама, шайн гӀуллакхашца дохкобовлар цаьрга гайтийтархьама.
Цхьана хенахь шу бода санна дара, ткъа хӀинца шу, Везачу Элаца долу дела, серло ю. Цундела, серлонан бераш санна, лелалаш.
ХӀунда аьлча дикалла а, бакъахьара лелар а, билггал бакъдерг а серлоно кхиадо.
Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Далла хьалха бакъдина хилар бахьана долуш, дикачу гӀуллакхех шу дуьззина хилийтар а доьху ас Делан сийлаллина а, хастамана а.