Цундела оцу къинош летийначара шайгара даьлларг даре дан а деза, зулам хиллачунна богӀуш болу берриге а мах дӀабала а беза, цул сов пхоьалгӀа дакъа тӀе а тухуш.
Шу Далла тӀедирзина дела, Ас хих чекхдоху шу, амма сол тӀаьхьа ван везарг сол нуьцкъала ву. Со Цунна мачаш кхехьа а хьакъ вац. Цо шу Делан Синах а дузур ду, цӀарца а дахчор ду.
уьш даарш а, маларш а кхехьарца а, дегӀан меженаш тайп-тайпана йиларца а доьзна бен цахиларна. И дерриг а парзаш, Дала массо а хӀума нисдаран зама тӀеяллалц, тӀедиллина дара.
Нагахь ваьш летийначу къиношна вай даре дахь, Дала вайн къиношна геч а дийр ду, дерриг а бакъдоцучух вай цӀан а дийр ду, хӀунда аьлча Иза тешаме а, бакъ а ву.