4 Цу хенахь Яхьъяс эмкалан тӀаргӀанах йина бедарш а лелайора, гӀодаюккъе шуьйра тӀаьрсиган доьхка а доьхкура. Юучу хӀуманах цо билгалдаьккхинарг цӀоз а, акха моз а дара.
Цара жоп делира: «Цу стеган дегӀа тӀехь дукха чоьш а дара, гӀодаюкъах дихкина тӀаьрсиган доьхка а дара». Ахьаз-ЯхӀус элира: «Иза тишабхо волу Эли-ЯхӀу ву».
Оцу хенахь Амосан кӀантана ЕшаӀ-ЯхӀуна Везачу Эло тӀедиллира билгалонна цхьа хӀума дар. Цо элира: «Ваха а гӀой, хьайн гӀодаюкъ а ястий, хьайна тӀера сингаттаман барзакъ а схьадаккха, когара мачаш а охьакхисса». Вукхо иштта дан а дира: иза верзина а, когаш Ӏуьйра а лелара.
Царах аша даа мегар ду: шен тайпанца цӀоз а, ткъа иштта шайн тайпанашца солӀам а, хьаргол а цӀераш йолу цӀоз а, шен тайпанашца цаьпцалг а.
И де тӀекхаьчча, шена сурт хӀоттийна хӀорра а харцпайхамар Делан цӀарах хаам бан хӀуттур вац. Нах лебархьама, пайхамарийн духар шайна тӀедухур дац харцпайхамарша цкъачунна.
Ас шуна тӀе Эли-ЯхӀу-пайхамар воуьйтур ву, сийлахь а, къемате а долу Везачу Элан де тӀекхачале.
Яхьъя гучуваьлла. Цо хӀума а ца йоу, мала а ца молу. Ткъа цунах лаьцна дуьйцу, иза жинаша хьийзош волу стаг ву бохуш.
ХӀан-хӀа. Ткъа стенга хьажа даханера? Хаза хӀума тӀеюьйхинчу стаге хьажа дахнера? ХӀан-хӀа. Исбаьхьа бедарш юьйхина нах паччахьан гӀаланаш чохь Ӏаш бу.
Цо эмкалан тӀергӀах дина духар леладора, шуьйра тӀаьрсиган доьхка а доьхкура. ЦӀоз а, акха моз а дуура Яхьъяс.
Везачу Элана хьалха вогӀуш хир ву Яхьъя, Эли-ЯхӀу-пайхамарца хилла долу нуьцкъала са а долуш волу, дайн дегнаш церан берашна тӀе дерзорхьама, аьрханаш, нийсачу новкъа а хӀиттина, Делан лаамехь берш санна хилийтархьама, Веза Эла вале, и кечам бина халкъ дуьхьал хӀотторхьама».
Цо иза лаьттан локхаллина тӀехь леладойтура. Цо иза аренаш тӀехь хьалаяьллачух дузадора, тӀулгах схьа долу моз а, чӀогӀачу тархах схьадолу зайтдаьтта а даадора цунна.
Аса Сайн шина тешана олалла лур ду Сайгара болу хаамаш бан. Вон тӀедеача тӀеюхуш йолу бедарш тӀе а юьйхина, цхьа эзар ши бӀе кхузткъа дийнахь Соьгара болу хаамаш дӀакхайкхор бу цара».