Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 3:16 - Делан Йозанаш

16 Ӏийсас Ша цуьнга хих чекхваккхийтира. Иза хи чуьра араволлушехь, Дала стигалш дӀасаеллаялийтира. Ӏийсана хьалха кхокханан суьртехь лакхара охьадогӀуш долу Делан Са дӀахӀоьттира. Иза нийсса Цунна тӀе охьадеара.

Ver Capítulo Copiar




Маттай 3:16
14 Referencias Cruzadas  

Везачу Элан Са цунна тӀехь Ӏийр ду. Оцу Сино цунна хьекъал а, кхетам а лур бу, Цо хьехам а, ницкъ а лур бу, Цуьнгахула цунна Веза Эла вевзар а ву, Цунна хьалха ларамах вуьзна а хир ву.


«ХӀара Сан Ялхо ву, Ас чӀагӀвеш волу. Иза Ас хаьржина ву, Цунах воккхавеш ву Со. Сайн Са дуьллур ду Ас Цунна тӀе, Цо халкъашна нийсо схьайоккхур ю.


Сох лаьцна аьлча, цаьрца болу Сан барт хӀара бу, – боху Везачу Эло. – Сан Са а, хьуна тӀехь долу, Сан дешнаш а, Ас хьан бага дехкина долу, хьан багара а, хьан берийн а, церан тӀаьхьенийн а багара хӀинца дуьйна абаденналц дӀадевр дац», – боху Везачу Эло.


Хьалдолчу Элан Са дагца ду Сан, хӀунда аьлча Везачу Эло Со къобалвина мискачарна хаза кхаъ кхайкхо. Цо хьажийна Со дог доьхначарна дарба дан, йийсархошна паргӀатдовлар кхайкхо, тутмакхаш набахтера арабаха,


Халкъан цхьа дакъа Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа, ткъе уьтталгӀачу шеран боьалгӀачу беттан пхоьалгӀачу дийнахь, со Кабар-хина уллохь ЯхӀуд-махкара йийсаре дӀабигначарна юкъахь а волуш, стигалш дӀаса а еллаелла, суна Делера долу суьрташ хӀиттира.


Ӏийса хи чуьра хьалаволлушехь, Цунна а гуш, стигалш дӀаеллаелира. Кхокханан суьртехь Делан Са доьссира Цунна тӀе. И Делан Са Ӏийсана чу дуьйлира.


Кхин а элира Ӏийсас: «Баккъалла а боху Ас шуьга: ДӀаеллаелла стигалш а, Адамийн КӀант волчу Суна тӀе охьадуьссуш а, хьаладуьйлуш а Делан маликаш а гур ду шуна».


ХӀунда аьлча Ша Дала Ваийтинчо Делан дешнашца дуьйцу, Дала иза барам боццуш Шен Сих вуьзна дела.


ткъа иштта Яхьъяс нах хих чекхбохуш хиллачул хенахь дуьйна, Ӏийса вай долчуьра стигала хьалаваккхалц хилла волу стаг. Иза, вай санна, Ӏийса денваларан теш хила а веза».


«Хьовсийша, – элира цо, – суна еллаелла стигал а, Далла аьтту агӀор лаьтта Адамийн КӀант а го», – аьлла.


ХӀара ву хица а, цӀийца а Веанарг: Дала леррина къобалвина Ӏийса. Иза хица веана а ца Ӏаш, амма хица а, цӀийца а веана ву. Ткъа Делан Сино тоьшалла до цунах, хӀунда аьлча Делан Са билггал долу бакъдерг ду.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios