Нагахь санна шу, шоьтан дийнахь Ярушалайман кевнаш чухула маххьаш чу а кхоьхьуш, и де Суна лерина а ца хуьлуьйтуш, аша Соьга ла ца догӀахь, Аса Ярушалайман кевнашкахь цӀе латор ю. Аса кху гӀалахь мел йолу гӀепаш ягийна дӀайохур ю, ткъа цхьаннен а иза дӀаяйа йиш хир яц’“».
Эццахь ЯхӀудан а, Ярушалайман а халкъе хӀара дешнаш кхочур ду: «Бовха мох хьокхур бу яьссачу аренгахь йолчу ерзинчу лакхенашкара Сан хьомечу халкъана тӀе. Иза ялта цӀандечу хенахь хьокхуш болу эсала мох санна хир бац.
«Гур ду шуна, Аса бекхам бо де тӀекхочур ду, ткъа иза йогу пеш санна хир ду. ТӀаккха кураллаш еш берш а, харцонаш лелош берш а – берриш а ча санна хир бу, уьш тӀедогӀун долчу дийно багор бу, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – церан я орам, я гаьннаш дуьтур дац.
Уьш а, вуьш а цхьабосса хьаладовлийта. Ялта чудерзон хан тӀекхаьчначу хенахь маьрсхошна аса тӀедуьллур ду, цкъа хьалха буц схьа а яккхий, цӀевнаш а дай, и буц ягае, ткъа кӀа дӀадуьллу цӀа чохь схьагулде аьлла“».