Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 3:11 - Делан Йозанаш

11 Шу Далла тӀедирзина дела, Ас хих чекхдоху шу, амма сол тӀаьхьа ван везарг сол нуьцкъала ву. Со Цунна мачаш кхехьа а хьакъ вац. Цо шу Делан Синах а дузур ду, цӀарца а дахчор ду.

Ver Capítulo Copiar




Маттай 3:11
29 Referencias Cruzadas  

Иза иштта хир ду, Хьалдолчу Эло Цийонан зударий цӀена ца хилар дӀадаьккхича, Ярушалайм цунна тӀерачу цӀийх дӀацӀанйича. Цо иза дийр ду кхел яран а, цӀеран а синца.


Ас хи доссор ду хьогах долчу лаьттана, татолаш хоьцур ду екъачу аренашка. Ас Сайн Деза Са хьан берашна тӀе доссор ду, Сан декъалдар хоьцур ю хьан тӀаьхьенашка.


И кхоалгӀа дакъа Ас цӀерга тосур ду. Дети лаладаре терра, лалор ду иза, деши цӀандеш ма-хиллара, цӀан а дийр ду. Соьга кхойкхур бу уьш, ткъа Суна хезар бу уьш. Ас эр ду: „Иза Сан халкъ ду“. Цара а эр ду: „Веза Эла – тхан Дела ву!“»


Шайх даьллачу къиношна Далла хьалха дохко а бовлий, Йордан-хи чохь шаьш хих чекхдохуьйтура наха Яхьъяга.


Иза кхочушхуьлуш гучувелира Яхьъя. Цо, яьссачу арахь адамаш хих чекх а дохуш, кхайкхам бора: «Далла тӀе а дерзий, шаьш хих чекхдахийта, Деле шайн къиношна гечдайтархьама».


Везачу Элана хьалха вогӀуш хир ву Яхьъя, Эли-ЯхӀу-пайхамарца хилла долу нуьцкъала са а долуш волу, дайн дегнаш церан берашна тӀе дерзорхьама, аьрханаш, нийсачу новкъа а хӀиттина, Делан лаамехь берш санна хилийтархьама, Веза Эла вале, и кечам бина халкъ дуьхьал хӀотторхьама».


Яхьъяс бохура цаьрга массаьрга а: «Ас шу хих чекхдоху, амма сол нуьцкъалниг вогӀур ву шуна, со Цуьнан мачийн бахтарш дӀадаста а хьакъ вац. Цо Делан Синах дузор а ду, цӀерца а дахчор ду шу.


Цул тӀаьхьа Яхьъя Йордан-хин бердаш тӀехь болчу махкахула вогӀура. Цо кхайкхам бора нахе: «Далла тӀе а дерзий, шаьш хих чекхдахийта, Деле шайн къиношна гечдайтархьама», – бохуш.


Яхьъяс, Цунах лаьцна тоьшалла а деш, кхайкхадо: «ХӀара ву ас шуна вийцинарг: „Сол тӀаьхьа ВогӀург, сол лакхара а хилла, дӀахӀоьттина, хӀунда аьлча Иза сол хьалха а волуш вара“».


ХӀара ву ас Шех лаьцна аьлларг: „Сол тӀаьхьа вогӀуш волу Стаг сол а лакхара ву, хӀунда аьлча Иза сол хьалха волуш вара“.


ХӀунда аьлча Яхьъяс шу хих чекхдехира, ткъа масех де даьлча, шу Делан Синах дузур ду».


Юха ПахӀала элира: «Яхьъяс хих чекхдахар, стаг, дохко а ваьлла, Далла тӀевирзина аьлла, дара. Цо кхойкхура шена ТӀаьхьавогӀучух тешаре, ма-дарра аьлча, Ӏийсах тешаре».


Уьш схьабогӀуш хи тӀе кхечира. «Хьажахьа, хӀара хи ду, – элира ваьӀначо, – стен новкъарло йо суна хих со чекхваккхийта?»


ВаьӀначо омра дира, гӀудалкх сацае аьлла. И ший а хи чу велира. Пилапа хих чекхваьккхира иза.


ХӀунда аьлча вайх хӀора а цхьана Делан Синах вуьзна вара, вайх массарах а цхьа дегӀ хилийтархьама. Вай жуьгтий я кхечу къаьмнех делахь а, леш я паргӀат адамаш делахь а, вайга хӀоранга а цхьана Синах малийтина дара.


Суна, Делан долахь болчарна юкъахь уггар а лахара волчунна, деллера Делан доккха совгӀат: кхечу къаьмнийн нахана Дала леррина Къобалвинчун кӀорггера довзийла доцучу хьолах лаьцна болу хаза кхаъ дӀакхайкхор а,


вай дина долу бакъахьара гӀуллакхаш бахьанехь а доцуш, ткъа Шен къинхетамца кӀелхьардаьхна вай. Шен Дезачу Синехула Цо вай цӀан а дина, юха а кхоьллина, карла а даьхна.


Ткъа шу, кегийнаш, тхьамданийн лаамехь хила. Вовшашна муьтӀахь а долуш де гӀуллакх, хӀунда аьлча: «Дела курачарна дуьхьал ву, амма ша кӀезиг хеташ Ӏаш болчарна Шен дика ло Цо».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios