Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 3:1 - Делан Йозанаш

1 Цхьа зама тӀекхаьчча, Яхьъя ЯхӀуд-махкарчу яьссачу аренгахула кхайкхам беш волавелира.

Ver Capítulo Copiar




Маттай 3:1
27 Referencias Cruzadas  

ТӀаккха ЯхӀу-ЯдаӀан кӀанта БенъяхӀус вахана Йоаб вийра. Иза шен цӀерачу яьссачу аренгахь дӀавоьллира.


Аса бакъдерг боху шуьга: кху дуьнен тӀе бевллачарна юкъахь нах хих чекхбохучу Яхьъял сийлахь а, воккха а стаг вац. Делахь а стигалийн Олалла тӀелаьцначарна юкъахь уггаре а лахарниг а цул лакхара ву.


Мурдаш дӀабахначул тӀаьхьа Ӏийса адамийн тобанна Яхьъях лаьцна дийца волавелира: «Шу яьссачу аренга стенга хьовса даханера? Мохо лесточу эрзе хьовса-м ца даханера шу?


Цара элира: «Цхьаболчара Хьо нах хих чекхбоху Яхьъя ву боху, вукхара Эли-ЯхӀу-пайхамар, ткъа кхозлагӀчара Хьо Ярми-ЯхӀу, я кхечу пайхамарех цхьаъ ву боху».


ХӀунда аьлча Яхьъя шу долчу Делан лаамехь болчу новкъахула веара, амма шу цунах ца тийшира. Ял гулъешберш а, хьарам новкъахула лелаш болу зударий а цунах тийшира. Амма шу, шайна дерриг а гиначул тӀаьхьа а, метта ца даьхкира цунах тешархьама».


Шу Далла тӀедирзина делахь, шайн дахарехь иза гайта.


Цо олура: «Хан тӀекхаьчна. Делан Олалла гергакхаьчна. Шайгара девллачу къиношна дохко а довлий, Далла тӀе а дерзий, хазачу кхоах теша».


ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро шен заманахь яздинера: «Хьажал! Хьуна хьалха Сайн геланча воуьйту Ас. Цо Хьуна некъ кечбийр бу.


Ткъа хьох, сан жиманиг, Веза Воккхачун пайхамар эр ду, хӀунда аьлча хьо Везачу Элана хьалха вогӀуш хир ву, Цунна некъ кечбеш,


Яхьъяс бахкийтина нах дӀабахча, Ӏийса адамийн тобанна Яхьъях лаьцна дийца волавелира: «Шу яьссачу аренга стенга хьовса даханера? Мохо лесточу эрзе хьовса-м ца даханера шу?


ткъа иштта Яхьъяс нах хих чекхбохуш хиллачул хенахь дуьйна, Ӏийса вай долчуьра стигала хьалаваккхалц хилла волу стаг. Иза, вай санна, Ӏийса денваларан теш хила а веза».


Иштта Везачу Эло дийна витина со, Цо Ша ма-аллара. Шовзткъе пхи шо ма даьлла Везачу Эло Мусага и дош аьллачул тӀаьхьа. Цу хенахь исраилхой яьссачу аренгахула лелаш бара. Хьажал соьга! ХӀинца сан дезткъе пхи шо ду.


Мусан стунда волчу кхенахочун Итаран тӀаьхье, яхӀудхошца хурма-диттийн гӀалара дӀа а яхана, ЯхӀуд-мехкан яьссачу аренга цигахь бехаш болчу нахана юкъахь Ӏен дӀаяхара. И меттиг яра Ӏарод-гӀалина генахь йоццуш.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios