Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 27:3 - Делан Йозанаш

3 Ӏийсана ямартло йина волчу ЯхӀуд-Искархочо, Цунна кхел йинийла хиъча, дохко а ваьлла, шена делла долу ткъе итт дато ахча динан коьртачу дайшний, къаношний юхаделира.

Ver Capítulo Copiar




Маттай 27:3
15 Referencias Cruzadas  

харцволчун синкъерам кӀеззигчу ханна буйла, Ӏесачун самукъадалар йоццачу ханна бен доцийла а?


Нагахь лена я гӀарбашна старо маӀаш Ӏиттахь, церан хӀусамдена сту болчо ткъе итт дато ахча дала деза, ткъа сту, тӀулгаш а кхиссина, бен беза.


Везачу Эло соьга элира: «Уьш пхьерана дӀало – иза Сох хӀоттийна болу лаккхара мах бу!» И ткъе итт дети ахча, схьа а эцна, ас Везачу Элан цӀийнан пхьерана дӀаделира.


Суьйренан пхьор дуучу хенахь Ӏийсана ямартло ян дагатесира иблисо ШамӀа-Искархочун кӀантана ЯхӀудана.


ЯхӀуда и баьпкан юьхк схьа-ма-ийцци, цу сахьттехь, цунна чу иблис дуьйлира. ТӀаккха Ӏийсас элира ЯхӀуде: «И хьо дан воллург сихха дей вала».


Иштта ЯхӀуд а веара цига, шеца римхойн тӀемалойн тоба а, динан коьртачу дайша а, парушхоша а хьовсийна гӀаролхой а балош. Церан карахь стогарш а, цӀераш латийна хаьштигаш а, герз а дара.


Ӏийсана йинчу ямартлонах шена деллачу ахчанах цо латта эцнера. Цу лаьтта тӀехь велла карийна иза, даьттӀачу гай чуьра араяьлла чоко а йолуш.


Делан дуьхьа хиллачу гӀайгӀано кӀелхьарвалар хуьлуьйтуш долу Далла тӀеверзар до – и хиларна, стаг дохко ца волу. Ткъа дуьненан гӀайгӀано Ӏожалла тӀейоуьйту.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios