Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 27:2 - Делан Йозанаш

2 Иза, дӀа а вихкина, мехкан куьйгалхо волу Пулат волчу дӀавигира цара.

Ver Capítulo Copiar




Маттай 27:2
25 Referencias Cruzadas  

Дала билгалъяьккхинчу метте схьакхечира уьш. ИбрахӀима сагӀа даккха меттиг кечйира, тӀулгаш а дехкина. Царна тӀе дечиг а диллина, вехка а вихкина, цу дечигна тӀе шен кӀант Исхьакх охьавиллира цо.


ТӀаккха Иза хийрачу къаьмнийн нахе сийсазваккхийта дӀалур ву. Цара Иза жӀарах дӀатухур ву. КхозлагӀчу дийнахь Иза денвийр ву».


И хаам мехкан куьйгалхочунна дӀахаахь, оха цуьнца барт бийр бу шуна таӀзар ца дайта».


Оцу хенахь цхьана наха, тӀе а баьхкина, Ӏийсана дийцира Делан цӀийнан кертахь байинчу галилайхойх лаьцна. Пулата и омра далар бахьана долуш, оцу нехан цӀий цара сагӀа доккхуш яйинчу бежанийн цӀийца эделлера.


Цара Ӏийса леррина тергалвора, Цунна тӀе шайн мотт бетта нах а оьхуьйтуш. Муьлххачу даша тӀехь ваьлла а Иза галвалахь, мехкан куьйгалхочун Ӏедале дӀаваларе сатуьйсуш, и мекара нах гонах хьийзара Цунна, шаьш диканаш бу а моттуьйтуш.


Цул тӀаьхьа берриг а церан гулам, хьала а гӀаьттина, Ӏийса а эцна, Пулатана тӀе бахара.


ХӀинццалц схьа ши мостагӀа хилла волу Пулат а, ХӀарод а цу дийнахь ши доттагӀа хилира.


Тибар паччахь волу пхийтталгӀа шо долчу хенахь, Понти Пулат ЯхӀуд-махкахь мехкан куьйгалхо волуш, ХӀарод Галилайхь куьйгалхо волуш, цуьнан ваша Пилап и санна Итурейхь а, Трахонехь а куьйгалхо волуш, ткъа Лусан Абали цӀе йолчу меттигехь куьйгалхо волуш,


Цул тӀаьхьа тӀемалоша а, церан коьртачу хьаькамо а, динан куьйгалхоша схьабахкийтинчу гӀаролхоша а Ӏийса, схьа а лаьцна, дӀавихкира.


ТӀаккха Ӏийса, вихкина а волуш, динан коьрта да волчу Кайбана тӀехьажийра Ӏаннас.


Иштта Кайба волчуьра римхойн урхалхочун гӀишлона чу вигира Ӏийса. Цу хенахь Ӏуьйре яра. Динан куьйгалхой шаьш гӀишлона чу ца бевлира, Далла хьалха сийсаз ца бовла, шайн Пасахьан суьйренан пхьор даархьама.


Кхана кхеле воккху аьллачу буса, шина а агӀор зӀенаш а тоьхна, шина тӀемалочунна юккъехь вижина Ӏуьллура Кипа. НеӀарехь лаьтташ гӀарол а дара.


ТӀаккха тӀеман коьрта хьаькам цунна тӀевахара. ПахӀал схьа а лацийтина, иза шина зӀенаца дӀавехка аьлла, омра дира цо. ПахӀале иза мила ву, цуьнгара хӀун даьлла аьлла, хаьттира цо.


Амма шед етта доьхкаршца ша дӀавихкинчу хенахь ПахӀала элира цигахь лаьттачу тӀеман хьаькаме: «Нийса дуй Риман вахархочунна, кхел а ца еш, шед еттар?»


Ша Риман вахархо дӀавихкинийла хиъча, коьрта хьаькам кхеравелира цуьнга барт хатта кечбелларш цу сохьта юхабевлира, ткъа.


Ши шо даьлча, Пелакъан метта Порка Висита цӀе йолу куьйгалхо веара. Жуьгташна там бархьама ПахӀал чувоьллина витира Пелакъа.


Цундела лиънера суна шу ган а, шух дагавала а, хӀунда аьлча Исраилан халкъан сатийсам кхочушхиларх со тешарна тоьхна суна хӀара гӀоьмаш».


ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а, вайн дайн а Дала сийдеш айина Шен ялхо волу Ӏийса. Амма аша Иза вейтира, Пулатана хьалха Цунах дӀа а къаьстина, цо Иза дӀахеца сацам биннашехь а.


Билггала, хӀокху гӀалахь ХӀарод а, Понти Пулат а кхечу къаьмнийн нахаца а, Исраилан халкъаца а цхьаьнакхийтира Хьан Везачу а, Ахьа къобалвинчу а Ялхочунна Ӏийсана кхел ян.


Цо цуьнгара Дамасакх-гӀаларчу жуьгтийн гуламан цӀеношка дахьа лерина кехаташ дехира. Цу кехаташа Шаулна бакъо лора Ӏийсан некъан мурдаш, божарий а, зударий а, бехка а бихкина, Ярушалайме схьабало, нагахь уьш цунна карабахь.


Понти Пулатана хьалха Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас а дира хаза тоьшалла. Цунна хьалха а, массо а хӀуманна дахар луш волчу Далла хьалха а ас хьуна хӀара тӀедуьллу:


Хаза кхаъ кхайкхорхьама тӀеэцна ас хӀара бала. Ур-атталла, зуламхочунна санна, буржалш а тоьхна суна. Амма Делан дашна тохалур дац буржалш.


Дагахь латтабе набахти чохь берш, шаьш цаьрца цхьаьна долуш санна. Дагахь латтабе Ӏазапехь бохкурш, шайн догӀмашкахь шаьш баланаш хьоьгуш санна.


ТӀаккха цара цуьнга элира: «Тхо хьо, дӀа а вихкина, пӀелаштамхошка дӀавала даьхкина». Шамшона цаьрга элира: «Шаьш со вуьйр вац алий, дуй баа».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios