Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 26:9 - Делан Йозанаш

9 Безачу мехах и даьтта дӀа а доьхкина, цунах схьаэцна долу ахча мискачу нахана дӀадала мегар ма дара».

Ver Capítulo Copiar




Маттай 26:9
9 Referencias Cruzadas  

ХӀунда аьлча и даьтта кхо бӀе а сов динари ахчанах дохка мегар ма дара, тӀаккха и ахча мискачарна а доькъуш». Оцу зудчунна хамталлаш йора цара.


Делан стеган ЭлишаӀан ялхочо ГӀайхьазис ша-шега элира: «Сан олахочунна ца лии оцу арамхочуьнгара НаӀаманера цо деана совгӀат схьаэца. Дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо аса, цунна тӀаьхьа а ведда, аса сайна цхьа хӀума схьаоьцург хиларх».


Ткъа наха шайна яьллачу ижуна юккъера тоьлла долу уьстагӀий а, стерчий а схьахаьржира Галгалахь хьан Везачу Далла лерина сагӀа даккха».


Амма Шаула а, цуьнан эскаро а АгӀагах къинхетам бира, дико долу уьстагӀий а, стерчий а, дерстана долу эсий а, Ӏахарий а дитира, иштта дика мел долу хӀума а, доха ца деш Ӏаддитира, ткъа оьшуш мел доцу хӀума дохийна дӀадаьккхира.


Нийса некъ дӀатесна, тилабелла болу уьш, харц кхоэ сатуьйсуш висинчу БеӀаран кӀентан БалиӀаман новкъа бевлла.


И сурт шайна гича, Ӏийсан мурдаш резабоцуш хьаьвзира. Цара элира: «Муха лелор ду цу тайпана кхоам боцуш долу хӀума?


Ӏийсас, Шена и къамел хезча, элира: «Эхь стенна хоьтуьйту аша цу зудчунна? Цо Суна динарг дика гӀуллакх ду.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios