5 Амма цара элира: «Дезачу дийнахь дан мегар дац иза, адам карзах ца далийта».
Шен дикалла гайтар Дала дицдина те? ОьгӀазаллица Шен къинхетам дӀачӀаьгӀна те?»
Кхочушдан лерина хӀуманаш стеган даг чохь дукха хуьлу, амма Везачу Эло сацийнарг бен кхочуш хир дац.
Цхьа а хьекъалалла а, я кхетам а, я Ӏалашо а лаьттар яц Везачу Элана дуьхьал.
Юьхьанцара дуьйна чаккхенехь хин дерг дийцина Ас. Ширачу заманашкахь Ас аьлла хӀинца а хилазчух лаьцна. Ас аьлла: Сан Ӏалашо кхочушхир ю, Сайн лаам берг Ас дерриг а дийр ду.
Н агахь санна Хьалдолчу Элана хила лиъча бен, нахана лиънарг кхочуш хир дац.
ХӀарод и бехк баккхар бахьана долуш Яхьъя вен лууш хилла, амма адамех иза хӀуттуш ца хилла, цара Яхьъя лоруш тӀеэцна хилла дела.
Амма нагахь: „Адамашкара яра“, – алахь, нахера кхерам бу вайна, хӀунда аьлча Яхьъя цара пайхамар лоруш ву».
И сурт гуш волчу Пулата, адам кхин а чӀогӀа карзахдала кийча дуйла шена гича, массарна а гуш хи схьа а эцна, шен куьйгаш дилира. Цо элира: «ХӀокху Стеган цӀий сох ца хьаьрчина. Аш-шаьш жоп ло».
Совсазчу баьпкан дезачу денойн дуьххьарлерчу дийнахь, Пасахьан Ӏахар а бийна, мурдаша Ӏийсага хаьттира: «Пасахьан пхьор мичахь дан лаьа Хьуна? Оха, дахана, кечйийр ю чоь».
Амма адам эргӀаддаларх кхоьруш, иза дезачу деношкахь кхочушдан ца лаьара царна.
Шен мурдашка Ӏийсас элира: «Аша массара а Со дӀатосур ву, хӀунда аьлча яздина ду: „Ӏуьнна чов йийр ю Аса, ткъа уьстагӀий дӀасадовдур ду“, – аьлла».
Амма нагахь: „Адамашкара яра“, – алахь, наха вайна тӀулгаш кхуьссур ду, хӀунда аьлча уьш тешна бу Яхьъя пайхамар хиларх».
Совсазчу баьпкан деза де тӀекхечира. Цу дийнахь Пасахьан Ӏахар бен безаш бара – яа хӀума кечъян.
Иштта Кайба волчуьра римхойн урхалхочун гӀишлона чу вигира Ӏийса. Цу хенахь Ӏуьйре яра. Динан куьйгалхой шаьш гӀишлона чу ца бевлира, Далла хьалха сийсаз ца бовла, шайн Пасахьан суьйренан пхьор даархьама.
Ерриг а гӀала карзахъелира. Адамаш гӀалахь нах гуллучу метте – театре дӀахьаьлхира, шайца ши македонхо, ПахӀалан накъостий, Гаяс а, Арестах а, такхийна.
ХӀета, хьо виъ эзар талорхо яьссачу ара а ваьккхина, гӀаттам айина мисархо вац-кх?»
Ахьа Хьайн лаамца а, куьйгаца а тӀедиллинарг кхочушдира цара.