Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 26:43 - Делан Йозанаш

43 Юхавеача, кхин цкъа бийшина карийра Ӏийсана уьш, хӀунда аьлча церан бӀаьрганегӀарш дазделлера.

Ver Capítulo Copiar




Маттай 26:43
8 Referencias Cruzadas  

Хьуна хьо сихачу хӀорда тӀехь волуш санна хетар ду, хьуна хьо хӀордкеманан лакхарчу декъехь Ӏуьллуш санна хетар ду.


ТӀаккха цунна тӀевеара хинкеманан коьрта хьаькам. «Вижина хӀунда Ӏа хьо? ХьалагӀатта, хьайн Деле кхайкха! Хьан Далла дага а даьхкина, вай хӀаллак ца хуьлуш дуьсур дац-те?» – элира цо.


Юха а, дӀанехьа а ваьлла, Иза доӀа дан волавелира: «Сан Дада! И къаьхьа кад, Аса ца молуш, Суна уллохула тӀехбала йиш яцахь, Аса иза мер бу. Хьан лаам кхочушхуьлийла!»


КхозлагӀа а, дӀанехьа а ваьлла, доӀа дан хӀоьттира Иза, изза дешнаш а олуш.


Кипа а, цуьнан накъостий а чӀогӀа наб кхетта бара. Самабевлча, царна гира Ӏийсан а, Цуьнца лаьттачу шина стеган а Олаллин нуьран лепар.


ПахӀала шен хьехам бечу хенахь корехь хиъна Ӏачу Овтах цӀе йолчу жимачу стагана наб озийра. Эххар а наб кхетта волу иза кхозлагӀчу гӀат тӀера корехула чувуьйжира. Меттахъхьавича, иза велла карийра.


ХӀора адам пачхьалкхана урхалла дечарна муьтӀахь хила деза. Урхалла дан бакъо, Дала елча бен, ма ца хуьлу, ткъа болуш болу урхалчаш Дала дӀахӀиттийна бу.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios