Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 26:41 - Делан Йозанаш

41 Сема а хилалаш, доӀа деш а хилалаш, шаьш къилахь долчу лаамашна кӀел ца дисийта. Са сема ду, ткъа дилха эгӀаза ду».

Ver Capítulo Copiar




Маттай 26:41
34 Referencias Cruzadas  

Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Сайна бохам баьллачу дийнахь Везачу Эле орца даьккхира аса, ткъа Цунна со дӀа а хезира.


Цундела сема хилалаш, хӀунда аьлча шуна ца хаьа, маца вогӀур ву шун Веза Эла.


Цундела сема хила, хӀунда аьлча Адамийн КӀант вогӀур волу де а, сахьт а шуна хууш дац».


Цо элира цаьрга: «Сан са Ӏожаллин гӀайгӀанехь ду. Аша кхузахь а совций, Соьца цхьаьна сема хан яккха».


Хьарам лаамна кӀел а ма дахийтахьара Ахьа тхо, иблисах а лардахьара.


Сема хила, доӀанаш де, шаьш къилахь долчу лаамашна кӀел ца дисийта. Са сема хуьлу, ткъа дилха эгӀаза ду».


Тхан къиношна гечдехьа, тхайна декхарийлахь болчарна оха ма-гечдарра. Хьарам лаамна кӀел ма дахийтахьара Ахьа тхо“».


Гуттар а сема хила, доӀанаш де, мел хила безаш болчу баланех чекхдовла шайн ницкъ хилийтархьама, Адамийн КӀантана хьалха хӀитта кийча хилархьама».


Шаьш дӀакхаьчча, Ӏийсас элира: «ДоӀа де, шаьш къилахь долчу лаамашна кӀел ца дисийта».


«Шу дийшина хӀунда Ӏохку? – хаьттира Ӏийсас – ХьалагӀовтта, доӀанаш де, шаьш къилахь долчу лаамашна кӀел ца дисийта».


Ткъа тӀулгаш тӀе эгнарш – уьш, дош хезча, хазахетарца и тӀеоьцурш бу. Амма шайн цхьа а орам боцуш, уьш цхьана ханна теша, ткъа зуьйш йолчу хенахь, уьш юьстахбовлу.


Вайн адаман са эгӀаза хиларна, товрат-хьехамашка кхочушдан ца делларг Дала кхочушдина. Дала лаьтта тӀе Шен КӀант ваийтира къинойн адамийн санна долчу вастехь, къинах доккху сагӀа Цунах хилийтархьама. Цу тайпана Дала адамна чохь доллучу къинна кхел йина.


Шуна тӀедеана долу зер массо а адамна тӀехӀуттуш дерг бен дац. Ткъа Дела тешаме ву, аша ловр доцург лур дац Цо шуна. Амма шу зуьйш долчу хенахь, тӀехӀотта онда бух лур бу Цо шуна, иза лан шун ницкъ хилийтархьама.


Шу сема хилалаш, шайн тешарехь чӀагӀлой Ӏелаш, доьналла долуш а, майрра а латталаш.


Мелхо а, аса, сайн дегӀ кхоа а ца деш, цунна тӀехь олалла до, кхечарна хаза кхаъ а кхайкхийна, со юьстахваьлла ца висархьама.


Амма шаьш Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан болчара шайн хьарам лаамаш, шайн боьхачу ойланашца, жӀарах дӀатоьхна.


Муьлххачу а хенахь Делан Синан гӀоьнца доӀанаш делаш, массо а тайпана доӀа а, дехар а деш. Иза иштта дархьама, сема а хилалаш, цхьана а тайпана юха ца довлуш, Делан долахь болчарна массарна а тӀера кхидӀа доӀанаш а делаш.


Дерригенан а чаккхе тӀекхочуш ю. Хьекъале дуьйла, собаре а хила, тӀаккха шуьга доӀанаш далур ду.


Собаре а, сема а хила! Шун мостагӀа, иблис, ду, гӀигӀ ден лом санна, цхьаъ дӀакхалла гӀерташ даьлла лелаш.


Везачу Элана хаьа Шен лаамехь берш церан зенех кӀелхьарбаха а, ткъа Шен лаамехь боцурш царна кхел ен йолчу дийне хьовсийна, таӀзар а деш, латто а,


«ЛадогӀалаш! Со, къу санна, цӀеххьана вогӀур ву. Декъала бу, шаьш берзина ца хилийтархьама а, шайн бехке меттигаш гучу ца яхархьама а, тӀеюху бедарш куьйга кӀел а латтош, сема берш».


Доьналла долуш хила аьлла, Аса шайна дина омра аша лардина дела, Аса а лардийр ду шу, лаьттахь дехаш долу адамаш зерхьама, кху дуьнен чу массанхьа а баланаш тӀебоуьйтур болчу заманах.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios