12 Сан дегӀа тӀе и мехала даьтта а доьттина, иза Со дӀаволла хьалххе кечам беш ю.
ТӀаккха Ӏийсас элира: «Йита и зуда. Шена ца хуъушехь, Со дӀавуллун волчу денна Ӏалашдина хилла цо и даьтта.
Со дӀаволларна хьалххе кечам би цо, шега далург деш.
Цара, цӀа а баьхкина, хаза хьожа йогӀу даьтта а, хьакхарш а кечдира. Шайна тӀедиллина ма-хиллара, Далла леринчу шоьтан дийнахь садаьӀира цара.
Далла лерина шоьтан де дӀадаьллачу хенахь Магдалера Марема а, Якъубан нанас Марема а, Шалумата а хаза хьожа йогӀу хьакхарш ийцира, уьш Ӏийсан докъана хьакхархьама.
Даудан гӀалахь йолчу шена кечйинчу къубби чохь дӀавоьллира Аса. Хаза хьожа йогӀучу хӀуманех а, тайп-тайпана хьакхарех а буьзначу барамна тӀе диллинера цуьнан дакъа. Асина лерина вуно йоккха цӀе латийра.
Шен ялхошка-лоьрашка ден дакъа талха ца талхийта, молханаш а тохий, кечде аьлла, омра дира цо. Лоьраша иза кечдира.