Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 24:8 - Делан Йозанаш

8 Амма иза, берах хьийзош йолчу зудчун санна, халчу баланийн юьхь бен хир яц.

Ver Capítulo Copiar




Маттай 24:8
12 Referencias Cruzadas  

Схьалецначу нахана юкъахь шу охьасеттар бен дац, байинчарна юкъа охьаоьгур бен дац. Иза иштта делахь а, Везачу Элан оьгӀазалла дӀа ца яьлла, Цуьнан куьг кхидӀа а халкъана тӀехула дӀакховдийна ду, таӀзар дархьама.


Арамхой малхбалера тӀелетира, пӀелаштамхой малхбузера тӀегӀоьртира, ткъа схьайиллинчу батошца цара Исраилан мохк дӀакхаьллира. Иза иштта делахь а, Везачу Элан оьгӀазалла дӀа ца яьлла, Цуьнан куьг кхидӀа а халкъана тӀехула дӀакховдийна ду, таӀзар дархьама.


Цу халкъа юкъара кегийрачу нахах воккхавийр вац Веза Эла, байх а, бисина Ӏачу зударех а къинхетам бийр бац Цо, хӀунда аьлча уьш берриш а Ӏесанаш а, зуламхой а бу, церан баганаша сонталла юьйцу. Иза иштта делахь а, Везачу Элан оьгӀазалла дӀа ца яьлла, Цуьнан куьг кхидӀа а халкъана тӀехула дӀакховдийна ду, таӀзар дархьама.


Маннашан тайпано Эпрайман тайпанна дуьхьал тӀом бийр бу, Эпрайма Маннашана дуьхьал, юха и ши тайпа ЯхӀудана дуьхьал летар ду. Иза иштта делахь а, Везачу Элан оьгӀазалла дӀа ца яьлла, Цуьнан куьг кхидӀа а халкъана тӀехула дӀакховдийна ду, таӀзар дархьама.


Бер дечу зудчун хуьлу лазарш тӀедогӀур ду цунна. Иза хьекъал доцу кӀант ву. Дуьнен чу вала хан тӀееача, ненан кийрара аравала цунна ца лаьа.


Халкъана дуьхьал халкъ гӀоттур ду, мохк махкана дуьхьал бер бу. МаьӀ-маьӀӀехь чӀогӀа мохк бегор бу, мацалла а хир ю. Иза, берах хьийзош йолчу зудчун санна, халчу баланийн юьхь бен хир яц.


Амма и хӀуманаш хилале, шу дӀа а лоьцур ду, лаьхкина а лелор ду. Со бахьана долуш, гуламан цӀеношкахь кхел а йина, набахте чу а духкуш, паччахьийн а, куьйгалхойн а кара дӀа а луш, лелор ду шу.


Везачу Эло шуна а, шун тӀаьхьенна а хала а, инзаре а, дӀа ца доьрзу а ун а, луьра а, дӀа ца йовлу а цамгарш а кхоьтуьйтур ю.


«ХӀинца машар бу, цхьа а кхерам а бац» – адамаша боххучу хенахь, берах йолчу зудчунна цӀеххьана тӀедогӀу лазарш санна, цӀеххьана тӀедогӀур ду церан хӀаллакьхилар а. Уьш кӀелхьара а бевр бац.


ЛадогӀалаш аша, хьалдолчара: делхалаш, тийжалаш, хӀунда аьлча бохамаш бу шуна тӀехӀуьттуш.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios