Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 24:5 - Делан Йозанаш

5 Аса иза боху, хӀунда аьлча дуккха а богӀур бу Сан цӀарах. Цара эр ду: „Со ву Дала леррина Къобалвинарг!“ Дукхахберш Ӏехор бу.

Ver Capítulo Copiar




Маттай 24:5
15 Referencias Cruzadas  

ТӀаккха Везачу Эло соьга элира: «Цу пайхамарша Сан цӀарах бинарш харцкхайкхамаш бу. Уьш Аса баийтина а, къобалбина а бац, Аса цаьрга хӀумма а ца элира. Цара бо хаамаш харцсуьрташна а, даьссачу паьлнашна а, шайн дегнийн Ӏехорна а тӀехь лаьтташ бу.


Везачу Эло боху: «И пайхамарш Аса бахкийтина бац, амма уьш, Сан геланчаш санна, бевдда лела. Аса царна хӀумма а ца дийцира, амма цара Сан цӀарах хаамаш бина.


Суна хезна Сан цӀарах харцхаамаш беш болчу пайхамарша бохург. Цара олу: „Суна гӀенах гина, суна гӀенах гина“.


Иштта боху Везачу Эло: „Шаьш-шайга Ӏеха ма лолаш, хашадхой шаьш долчуьра дӀагӀур бу бохуш, хӀунда аьлча уьш дӀагӀур бац.


Дукха нах лебеш, дуккха а харцпайхамарш юкъабевр бу.


хӀунда аьлча цу заманчохь харцпайхамарш а, шаьш Дала леррина Къобалдинарш ду бохурш а гучубевр бу. Цара тамашийна гӀуллакхаш а, тамашийна билгалонаш а гойтур ю, шайн йиш хилахь, Дала хаьржинарш Ӏехорхьама.


Со Сайн Ден цӀарах веана воллушехь, тӀе ца оьцу аша. Ткъа цхьа кхиверг шен цӀарах веача, иза тӀеоьцур ву аша.


Ас аьлла-кх шуьга, шу шайн къиношца лийр ду, хӀунда аьлча, нагахь Суо Верг Со хиларх шу ца тешахь, шайн къиношца лийр ду шу».


Цундела Ӏийсас элира: «Шаьш Адамийн КӀант хьалаваьккхича, тӀаккха хуур ду шуна Со волуш Верг Со хилар а, Аса Сайгара хӀума ца леладар а. Ткъа Сайн Дас хьехнарг бен ца дуьйцу Ас дуьненна.


Сан динан бераш! ХӀара кху дуьненан тӀаьхьара зама ю. Шуна хезнера, Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал верг вогӀур ву аьлла. Ткъа хӀинцале а дукха баьржина Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал берш. Цунах хаьа вайна, хӀара билггал тӀаьхьара зама юйла.


Ткъа мила ву уггар харцлуьйриг? Иза ву Ӏийса Дала леррина Къобалвинарг хилар тӀе ца лоцург. Иштта стаг Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал верг ву – стигалара Да а, Делан КӀант а тӀе ца лоцу цо.


Ткъа Ӏийса къобалвеш доцу са – Делера дац, иза – Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал волчун са ду. Шуна хезна, иза догӀур ду аьлла, иза хӀинцале а долуш а ду дуьнен чохь.


Бийначу Ӏахаран карахь долчу дахаран тептар тӀе шайн цӀераш дуьне кхуллуш дуьйна а дӀаяздина доцу массо а адамаш цу экханна Ӏамал еш хир ду.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios