Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 24:4 - Делан Йозанаш

4 Цаьрга Ӏийсас элира: «Ларлолаш, шаьш ле ма дайталаш.

Ver Capítulo Copiar




Маттай 24:4
14 Referencias Cruzadas  

Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Шайн юкъахь болчу пайхамаршка а, пал туьйсучаьрга а шаьш ле ма дайта. Шайн омрица гӀенаш гушболчеран гӀенех а ма теша.


Иштта боху Везачу Эло: „Шаьш-шайга Ӏеха ма лолаш, хашадхой шаьш долчуьра дӀагӀур бу бохуш, хӀунда аьлча уьш дӀагӀур бац.


хӀунда аьлча цу заманчохь харцпайхамарш а, шаьш Дала леррина къобалдинарш бу бохурш а гучубевр бу. Цара тамашийна гӀуллакхаш а, тамашийна билгалонаш а гойтур ю, шайн йиш хилахь, Дала хаьржинарш а Ӏехорхьама.


Цо элира: «Ларлолаш, шаьш ле ма дайталаш, хӀунда аьлча Сан цӀарца дукха нах богӀур бу: „Со ву Иза“ я „Хан тӀекхочуш ю“, – бохуш. Царна тӀаьхьа ма хӀитталаш.


Нагахь цхьаннан, ша баккъалла а волчул, ша-шех лакхара ойла елахь, цо ша-шен Ӏехаво.


Цу хенахь, бераш санна, кхин хир дац вай, хинкема санна а, кхин хир дац вай. Жима хинкема тулгӀенаша а, мохо а лелоре терра, вай а ду харц хьехамаша атта Ӏехош. Оцу харц хьехамаша тайп-тайпана мекарлонаш а йой, шайн мел долчу хӀилланца вай тиладолуьйту.


Эрна хабарш дуьйцучаьрга цхьаьнгге а шаьш ле ма дайталаш, хӀунда аьлча уьш бахьана долуш тӀейогӀу муьтӀахь ца хуьлучу нахана Делан оьгӀазло.


Харц кепара шу лахара хила а деза, аша маликашна Ӏамал ян а деза бохучо шу Ӏеха ма дойла, ша дуьйцург шена гиначу суьрташца тӀе а чӀагӀдеш. Цхьа а бахьана доцуш, адамийн кура ойла хуьлу ишттачу стеган.


Варелаш, динан вежарий, вайн дайша даьхначу Ӏадатийн а, кху дуьненах лаьцна адамийн болчу кхетаман а бух тӀехь долчу, шу ледан дуьйцучу даьссачу къамелийн йийсархой ма хилалаш. Иштта долу къамелаш Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна дац.


Цхьаьнгге а цхьана а кепара шаьш ле ма дайталаш, хӀунда аьлча адам, Ӏеса а даьлла, Далла дуьхьал эргӀаддаьлча а, хӀаллакьхиларна лерина волу а, зуламех кхачам хиллал вуьзна волу а цхьа стаг гучуваьлчий бен, и де тӀедогӀур доцу дела.


Сан хьоменаш! Муьлх-муьлххачу а синах ма тешалаш, амма и синош таллалаш, уьш Делера дуй те а хьожуш. ХӀунда аьлча дуьнен чохь дукха харцпайхамарш баьржина.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios