Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 24:2 - Делан Йозанаш

2 Цо цаьрга элира: «ХӀара шадерг а гой шуна? Аса баккъалла а боху шуьга: И дерриге а хӀаллакдийр ду, тӀулга тӀехь тӀулг а ца буьтуш».

Ver Capítulo Copiar




Маттай 24:2
8 Referencias Cruzadas  

«Муршатахо волу Мика-ЯхӀу пайхамар хилла яхӀудхойн паччахьо Хьузакх-ЯхӀус олалла дечу хенахь. Цо дерриг а ЯхӀудан халкъе аьллера: „Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: ‘Цийон-лам, кха санна, охур бу, Ярушалаймах тӀулгийн оьла хир ю, Делан цӀа тӀехь лаьттинчу лам тӀе хьун ер ю’.


Цундела шу бахьана долуш Цийон-лам, аре санна, охур бу, ткъа Ярушалаймах тӀулгийн оьла хир ю, Делан цӀа тӀехь лаьттинчу лам тӀе хьун ер ю.


ТӀулга тӀехь тӀулг а ца буьтуш, йохор ю хьо, хьан бахархой а бойур бу. И дерриг хир ду, хьайна чу Веза Эла воьссина хан хьуна ца хаар бахьана долуш».


Нагахь и дерриг а духург хилча, шу муха хила деза? Шун дахар цӀена а, суьпа а хила деза,


Цу гӀалахь Делан цӀа ца гира суна, хӀунда аьлча Далла Ӏибадат дечу цӀийнан метта массо а ницкъийн Веза Дела а, Ӏахар а Шаьш бу цу гӀалахь.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios